Украинерчу меттигерчу харжамийн тергоеш яра кIирандийнахь Европера монитогринган тобанаш. Цара хаамбина, новкъарлонаш йоцуш, дика кечбина бара харжкамаш, делахь а, хенан йохалла реформашка берзо догIу уьш, аьлла.
Европан Кхерамзаллехула а, цхьаьнакъахьегаран а организацерчу монитораша бинчу тергамца, Донбассехь иккхинчу конфликтца доьзна Украинерчу меттигерчу харжамашкахь дакъалацаза висина 5 миллион сов стаг.
«Украинехь дIахьочу демократехьа йолчу реформийн рогIера тIегIа яра харжамаш, уьш доккхачу декъанна дуьненаюкъарчу кепашца богIуш дIабаьхьина, аьлла Евробертан делегацин куьйгалхочо Мослер-Торнстром Гудруна.