ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пилотийн а, техникан а бехк бац кема дохарна


Оьрсийчоьнан транспортан министралло чIагIдина Синайн ахгIаренна тIехула долуш чудеана долу А321 олу кема стиглахь доьхна хилар. Цу кеманан долахо хиллачу Когалымавиа компанино дийцарехь, техника галъяларца, я пилоташа гIалат далийтина хиларца доьзна дац кема чудар.

Цу компанин директоран когаметто Смирнов Александра Лахьан- бетан 2-чу дийнахь дIахьедар дина кема чударан бахьана арахьара цунна тIеIаткъхам бина хилар ду аьлла. A321-200 олу аэробус чудеана Синайн ахгIайренехь ГIадужу-беттан 31-чу дийнахь.

Иза хилла Мисарара Шарм-аш-Шейх олучу курортийн гIалара Петарбухе доьдаш. Кемма тIехь хилла 224 стаг велла. Хилларг боккха бохам бу, талламхоша баккъалла а хилларг талла деза аьлла дIахьедар дина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG