ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен бер дийначу зудчух олийла дуй нана?


Аьрга-Хишкарчу (Серноводскерчу) 34 шо долчу зудчо шен йоI ерах долу дов теллина а даьлла, кхеле кхаьчна Нохчийчохь. Йиттина дийна нанас 6 шо долу шен бер, аьлла ю девнан фабула.

Талламхоша гулдинчу тоьшаллашца хIинцца яханчу аьхкенан мангалан баттахь йийна шен йоI Михаласкерчу (Серноводск) 34 шо долчу яхархочо. Низамхоша чIагIдарца цо йиттина, ницкъ беш дийна ялх шо бен хан йоцу бер.

И зулам Iорадаьллачул тIаьхьа,шен доьзалхочун сел къиза садаьккхина нана психолого-психикан зер-экспертизах чекхъяьккхича гучудаьлла и зуда, психика гальяьлла, коьртана дика йоцуш хилар, лоьрийн тидам-тергонехь а йоцуш, кхин дIа и маьрша йитар юкъараллина кхераме хилар а.

Вуьшта аьлча, талламхоша билгалдаккхарца йоI йийначу нанна,цуьнан лааме хьаьжжа а доцуш, дарбанаш лело догIу. Цу Iалашонца прокуроро тIечIагIдина цуьнан дов суьде кхачийна.

Кху тIаьхьарчу шерашкахь и тайпа лазаме бохамаш кест-кеста нисло Нохчийчохь. Цхьаболчара и гIайгIане хиламаш бузу, кхолламаш кеггош, тIаьхьий-хьалхий тIемаш лаьтташ, луьра деанчу дахарца.

Кхечара, вайнахалахь цкъа а хааделла доцу эхье, эвхьаза хIумнаш тахана кест-кеста гучудийлар кхетадо болх-некъ боцуш,хала еъначу заманца, дахарехь олалла дечу харцонашца, шаьш хIун дийр ду ца хууш боьхна,гIаддайна бахархой ,чот йоцуш дукха хиларца.

Оьшург бен хIума доцуш,къиза еанчу хено гальяьккхина лору Соьлж- кIоштан Михаласкехь шен бер дийна нана соьлжагIалахочо Руслана. Цунах а, цуьнан йоIах а-шиннех а къахета шена бохуш дира цо къамел.

Руслан: «Цомгаш хилла и зуда. Беро хIун дийр ду цунна? Беро хIун эхь дохьур ду цунна тIе? ПхьегIа йохийна хила а тарло. Цхьа оьгIазалла дага а иккхина,шайтIа кийра доьлла хила а тарло. Цомгаш йца хилча дийр дац и тайпа хIума. Суна къа хета цунах а, цу йоIах а».

ЙоIана тIе куьг дехьна нана лартIа цахилар тIе а чIагIдеш, вайнехан юкъаралла само яйна йогIуш хилар,Iедалехь болчеран бала цакхачар тидаме оьцурш а бац кIезиг. Цу ненах доллург ца хууш Iийна гергарниш а, беза-бевзарш а?

Церан доглаза ца мегара цу йоIах? Юртда, молла я кхин Iедалан белхой ца хилла цу юьртахь? Цу кепара хеттарш дукха ду. И зуда сап-сов елахь а,яцахь а маьрша йита йиш йолуш яц аьлла тешна ю ТIехьа-Мартанан кIоштера яхархо Мурадат.

Мурадат: «Дала тIе ма даийтойла и саннарг! Иза коьртана дика яц. Елахь а яцахь а цунна цхьа йист а йоцуш чохь яккха хан йогIу цунна. ЧIогIа хала хетта-кх суна вайнехан зудчуьнгара и саннарг даьлла аьлча а».

Кху тIаьхьарчу хенахь вайнахалахь тергаллучу эвхьазаллех,аьхзаллех,эхьечу хIуманех масал а далош дийцира Мурадата кхин дIа а. Цунна хетарехь дуьйцуш цхьаъ а долуш, мелхо а шалхонех,моттаргIанех дуьзна догIу махкара Iар-дахар шо-шаре мел долу а.

Мурадат: «ХIара бусалбан дин а, гIиллакх а, гIуллакх а чIагIдо а бохуш, кху тIаьхьарчу хенахь мелхо а галдолуш хета суна-м. Оьздангаллина мелхо гена дIашершаш хета суна-м. Къамелаш-м до ишта, вуьшта бохуш, амма дахарехь схьагург кхин суртта-м ду…»

ТIаьхьарчу заманахь цIарматаллех дуьзна, маьттаза хIуманаш махкахь къоьлла йоцуш тергаллахь а, дукхахболчийн дегнаш дегайовха ду кхана-лама, бут-батте баьлча дахар дикачу агIор хийалур ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG