ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьманна эмисси еш ю Кремло


Ахчан эмисси яржош, триллион сом арахеца дагахь ю Оьрсийчоьнан Центробанк. И хаамбина Севастополе ваханчохь банкан куьйгалхочун гIовса Лунтовский Георгийс. Цо бахарехь, наха карахь леладе ахча нисло 78 процент. Ткъа финансийн низамо гойту, пачхьалкхо кехатан ахча алсам юкъа мел хоьцу ахчан мах байлойла.

Луговскийс дийцарехь, кху муьрехь Оьрсийчохь юкъадоккхуш ду тIехь ГIирма гойту керла 100-соьман кехат. И мохк Украинера дIабаккхар даздеш стохка юкъадаьккхира Оьрсийчоьнан банко аьчка итт-сом.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG