ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Батаева Хедa. Нохчийчоь


Батаева Хедa

Нохчийчоь

Хьо суна езнера, Нохчийчоь,
ХIинца а еза -
Хьан чевнийн моьнаша
БIаьрса дIахудучу хенахь.
Хьо суна езнера, Нохчийчоь,
ХIинца а еза,
Даима езна хьан
Ихначу бIешерийн гене.

Тахана тIеман кIур,
Де кхолош, Iаьршашка IаьIна,
Маьлхан нур чекхдала ца дуьтуш,
Кхолийна латта,
Нохчичоь, Нохчичоь,
Хьан корта охьа ца таьIна,
ТIеман кхаж дIакхехьа
Хуьлуш ца хиллехь а атта.

Iуьйренан - "ГIовтта хIай!"
Суьйренан - "УьстагIий догIу!"
Дененан - "Бабин йоI",
Ненаден - ДIалакха йиш"-
Хьо яра, Нохчичоь,
И дерриг хьайна чудогIуш.
Хьо йиси тIулг хилла,
И дерриг - дIаихна хиш.

Хьо даим лаьттар ю, тIулг санна,
Белахь а гIерташ
Хьан луьра мостагIий
Iаьвдина хи даккха хьох.
Хьо даим ехар ю,
Къонахий мел бу хьан лаьттахь,
Хьо, Дела воцчунна,
Суждане ца ихна мохк.

1995

Батаева Хеда. Байтанча. Нохчийн яздархойн цхьанакхетараллин декъашхо.

Йина 1970-чу шарахь ГIойчу (СаIдин-кIотар) юьртахь. Чекхъяьккхина Соьлжа-гIалин Хьехархойн Училище а, Нохчийн Пачхьалкхан Университетан филологин факультет а. Дуьххьара зорбане яьлла 1984-чу шарахь "Орга" альманах тIехь. Байташ зорбане йийлина масех юкъара гуламна тIехь: "ТIома лакхе", "Ма деха дара и Iа", "Малх лаьцначохь", "Нана Нохчийчоь". Иштта дийцарш а, байташ а зорбане йийлина "Орга", "Вайнах", "СтелаIад", "Нана" журналаш тIехь а, газеташ тIехь а.

Арсанукаев Шайхи яздархойн цхьанакхетараллин куьйгалхо волуш, 1993-чу шарахь Хеда цуьнан декъашхо схьаийцира.

Шен гулар арахеца Нохчийн издательстве дIаелла байташ 1995-чу шарахь егира Хедин. Ткъа 2002-чу шарахь гулар арахеца йоьлча, Iедало беш хиллачу бехкамашна реза а ца хилла Хедас шен байташ юхаийцира.

Болх бина ГIойчу юьртара а, Олхазар-кIотарара а ишколашкахь а, "Орга", "СтелаIад" журналийн редакцешкахь а, телевизионехь а.

1985-чу шарахь, Нохч-ГIалгIайн республикан поэтийн конкурсехь 2-гIа меттиг яьккхира Хедас шен пхийтта шо долуш. Ткъа шен шийтта шо долуш, шен дуьххьарлерчу байташца "Пхьармат" цIе йолчу нохчийн яздархойн цхьанакхетаралле а кхечира Хеда, шен ишколерчу хьехархочо Исламов Мохьмад-Салахьа шеца цига йигна. Цигахь Хедина дуьххьара бевзира нохчийн тоьлла болу яздархой а, поэташ а: Яндарбиев Зеламха, Бексултанов Муса, Шайхиев Iалвади ("Пхьарматан" куьйгалхо), Джумалаева Лула, Цуруев Шерип иштта кхиберш а.

Тоьлла болу нохчийн меттан а, литературан а хьехархой хилла Батаева Хедин ишколехь а, Хьехархойн Училищехь а, Университетехь а: Бисултанов Апти, Озниев Хьусайн, Итаев Бауди, Джамалханов Зайнди, Вагапов Iарби, Джамбеков ШаIрани иштта кхин а.

Карарчу хенахь ехаш ю Францехь.

XS
SM
MD
LG