ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путина бекхам боцуш дуьтур дац аьлла Туркойчоьнан зулам


ХIора шарахь а санна, халкъе вистхуьлуш Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира дIакхайкхийна, Оьрсийчоьно дицдийр дац Туркойчоьно шена тешнабехк бар, иза шаьш дохкойоккхур ю динчунна, йохка-эцаран санкцешца бина а ца Iаш, бекхам бийр бу, аьлла, «амма и бекхам герз айдарца бийр бац» боху дешнаш тIе а тухуш.

Шина пачхьалкхан барт эгIна иттех де хьалха, туркоша шайн стигала даьлла Оьрсийчоьнан тIеман кема чудожорца. Кремло, и кема чудаийтина туркоша, цо президентна Эрдоганна а, цуьнан гергарчарна а ДАIИШера дорах мехкдаьтта эца новкъарло еш хиларна аьлла даржийна.

Цунна дуьхьал Эрдогана ша реза ву харц-бакъ мила ву къаставайта а, кхело харц вахь дарж дита а, аьлла. Иштта Путин Владимир а кхайкхина Эрдогана, нагахь санна и харц нислахь, шегара дарж охьадилларе.​

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG