ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЗаьIапхой...заьIап хилар хьахабе де


Къилбаседа Кавказерчу мехкашлахь уггар дукха заьIапхой болчех ю Нохчийчоь. Доккхачу декъанна и доьзна махкахь хилла тIемаш бахьанехь. Ткъа муха беха-те тахана шаьш заьIапхой? Буй-те Iедалан тергонехь?

Дуьненан юкъаралло кху ГIуран-беттан 3-гIа де заьIапхойн де кхайкхор хьесапе а эцна, билггалчу цхьана урамехь, куьпахь а заьIапхой бу-бац хаа а лиъна, хьо тIаьхьаваьлча, гучудуьйлу вайнехан дахаран къаьхьа, гIайгIане бакъдерш - нохчийн ярташкахь (гIаланаш-м йийца а ца оьшу) цхьа урам ца карабо, воккха я жима заьIапхо воцуш.

Балха тIехь, боьдуш-богIуш, лазийна астагIа, я чолакх бисна, ларамаза бохамашка нисбелла, луьрчу тIамца доьзна цхьацца меженаш дIаяьхна баккхийнаш боцуш, барам-чот йоцуш дукха карадо нохчашлахь цхьацца сакхт долуш дунентIе девлла бераш - хIумма а ца хезаш къора дуьнентIе девлларш а, бIаьрзенаш а, хьекъалх тилларш а, куьг-ког сакхте долуш а.

Дагардина ца валлал дукха ду лазарш. Махкарчу заьIапхойн юкъаралло Iорадаьхначу терахьашца 194 эзар сов заьIапхо ву Нохчийчохь.

Хьашт ма-дду зер-талламаш бан шорто а йолуш, шакъаьстина хаттар ду мел аьтто-гIоленаш еш, тидам-тергонехь латтадо церан хьашт-дезарш вайнехан юкъаралло а, Iедало а боху хаттар.

Бакъду, Оьрсийчохь, зIаьIапхошна шаьш кхиболчу бахархошка нисса хетийта, де эшначарна гIо деш, Iедал само еш, каде хьийза ала хала ду.

Делахь а леткъамаш барал хьалха нохчаша далла хастам Iедало цомгушчарна пенсеш луш а.

Теркйист кIоштерчу Йисийтин 4 шарера кIентакIант ву лазарца. Ишта бара тхойшиннан къамелан чулацам.

Йисита: «Кхо шо ду кIант цомгаш волу. ХIинццалц схьа тхайн чоьтах лелийна оха иза лоьраш тIехула, Iедалера кхин хуьлуш гIо а доцуш. ХIинца, цхьадика, пенси а доладелла мелла атта дара тхуна.

Дехьа-сехьа ваккха ойла а ю тхан гIуллакх хилахь Европе кхачийна а. Хьалха дацара, хIинца лазарца долу бераш вуно дукха ду. Кху тIемаша бина харц тIеIаткъам хир бу-кх, хаац сунна-м».

Ткъе кхаа шарера ваьлла заьIапхо кхобуш бу ХатаевгIеран доьзал. Дена а, нанна а тIехула а хьоьжуш, лекха ву лазархо Шаид. Пенси шайна луш ду, кхин Iедалера шайна-м ца оьшу цкъачунна хIумма а бохура кIентан нанас Асета.

Асет: «Iедала дIа а вела лелавайта дог-ойла са-м ца хилла. Ас санна цара лелор ма вац. Сайн доьзалхо, сайна хьалха хуьлийла лаьа суна-м. Iедалерчу аьттонах аьлча цкъа-м баьхкинера тхоьга Iаьржа хIорда тIе гIур ярий хьо кIентаца садаIа аьлла.

Со ца яхара. Атта хир дацара суна цигахь. Вуьшта кхин молханаш оьшуш хIума а дац кхунна-м. Аьрха а вац, харцахьа а ца лела…»

Ткъе пхиъ шо ду накъостана тхов туьллуш белхи вахханчохь букъадаьIахк йойна, ас цIарца ца вуьйцу вахархо меттахь висна. Цо мелла а эвхьаза дийцира Iедало бечу а, ца бечу а аьттонах.

ЗаьIапхо: «Кху 25 шарахь сунна хIара ворда-гIудалкх 4 елла-кх. Бакъдерг дийцича дуьххьала со меттахь висча сан юьртахочо ийцира суна ворда. Дела реза хуьлда цунна! Курорте вохуьйтур ву боху нагахь ас соцпакет олу ахча схьа а ца оьшуш «хIан-хIа, ца оьшу» алахь. 1.400 сом ду иза. И ас схьа ца эцахь маьхаза вохуьйтур ву боху со садаIа курорте».

Маршо Радио: Ахь «хIан-хIа « ца аьлча, яла йиш йолуш яц иза?

ЗаьIапхо: «Ца ло боху-кх. Яла йиш яц боху. ЦIеххьана цхьа деза молха эшна меттиг хилча а, и молха аса-айса эца деза. И деза молханаш ишта а кхочуьйтуш а ма дац».

Маршо Радио: ХIара Мохьмад ву, масала, кхуьнан лахе лелаш яц, хIара Ахьяд ву букъадаьIахк каггийна, хIара хьенех ву, важа иза ву бохуш дIаяздина ду шу заьIапхой ду аьлла, ткъа молханаш лучохь дац-кх шу?

ЗаьIапхо: «Тхо заьIапхой ду аьлла дIаяздина-м ду, амма и молханаш доцург а, Iедало луш йолу хIума схьа-м къиза кхочийта. Цхьа хIума луш хилча а гIала дIагулдо, милла дала цигахь очартехь лаьтта сохьташкахь, вовшашна чу а гIерташ, девнаш а дохуш, луш ерг, кIошташка дIаса а екъна схьа стенна ца кхочийта.

Хужа йисарг, хIара ворда а хаьхкина со ваха веза цига, я цомгаш йолу хIусамнана хьажо еза ас! ШолгIа со 1-чу тобанан заьIапхо вара аьлла, газ, хи, я ток -цхьана агIор гIо деш дац суна Iедало. И лартIа ду? Цхьанне а кепара гIо-м дац».

Дерзош ала ду кху тIаьхьарчу 14-15 шерашкахь чот йоцуш дукха нохчий махкахбуьйлуш дIаихна Европан пачхьалкхашка.

ДIаихна, кхузарчу Iедалх а, лоьрех а бIо ца бол...

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG