Лаккхарчу тергаман раже баьккхина Нохчийчохь орцан ницкъийн болх. Мох чIагI а луш, яккхийн йочанаш хила тарло, хаамаш бо орцанхоша. 30 метр секундехь хьоькхуш мехаш хир бу мехкан дуккхаъчу кIошташкахь, къаьсттина лаьмнашкахь, тIедогIуш тIуьна ло а, догIа а долуш – аьлла бу баржийна хаам.