Масех эккхийтар дина Индонезин коьртачу шахьарахь Джакартехь кхаарийдийнахь. Цул тIаьхьа тIелатархоша а, полицино а герзаш диттина вовшашна. Индонезин, Канадин ши маьрша вахархо вийна, урамашкахь нисвеллачу кхечу 19 стаганна чевнаш йина.
ТIелаттачу 7-ннах 5 вийна.И терахьаш даржийна Индонезин полицино. Юстицин, кхерамзаллин министро Панджаитан Лухут Бинсара хаам барехь, талораш динчех шимма шаьш-шайн эккхийтина. Ишта, цо дийцарехь, зуламхоша шаьш йина, тIех ницкъала а йоцу гранаташ лелхийтина.
Масех эккхаза граната карийна талораш динчу меттигехь. Динарг дерриге а ду 5 терроран тохар. Хьалхара эккхийтар дина Джакартерчу йоккхачу туьканан I-чу гIатта тIехь йолчу «Старбакс» олучу кофейнехь. Цу чохь ша-шен эккхийтина Iожалхочо. Цул тIаьхьа «Старбаксна» гена доццуш шолгIа эккхийтар дина.
Ткъа 3-гIа эккхийтар полисхойн хьукматна гергахь дина, дийцира Панджаитан Лухут Бинсара. Полисхоша деттачу герзах къайлабевлла цхьана ханна террорхой туьканийн лакхарчу гIатташкахь лечкъина Iийна. Зуламхойх 5 вийначул тIаьхьа аьтто баьлла полисхойн 2 дийна воллушехь лаца.
Рейтер агенталло бинчу хаамца, вийна пхий а «Исламан пачхьалкх» олучу тобан декъашхой хилла. Индонезин президента терроран акт лору хилларг, пачхьалкхан бахархошка доха ца дохар а доьху.