Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа леррина долу диверсин дакъош хьийсийна Иракъе, церан Iалашо ю «Исламан пачхьалкх» олучу тобанийн Иракъера а, Шемара а центраш урхаллах йохор, хаамбина Штатийн тIеман министра. Бахначу баттахь оцу дакъоша гIо а деш, Иракъан эскарша а, курдойн Пешмергано а мукъаяьккхира Анбар провинцин шахьар Рамади.
Оццу кепехь гIо а деш, Штаташ дагахь ю Иракъан Iедалан ницкъашка а, курдойн тобанашка а Иракъан шолгIа гIала Мосул мукъаяккхийта. Шемарчу гIаттамхошна Ракка гIаличуьра жихIадхой бохош гIо а дийр ду шаьш, дIахьедина Iамеркан инарлаша – ткъа и гIала шен коьрта шахьара лору «Исламан пачхьалкх» олучу тобанаша.
«Ракка а, Мосул а политикан, идеологин, экономикан, ницкъан центраш ю, уьш йохорца талхор ю оха ДАIИШ-ан система» - элира тIеман министра Картер Эша. Цо бахарехь, тIедогIучу кIиранах иза Парижехь цхьанакхетар ву жихIадхошна дуьхьаллаьттачу коалицин декъашхойн тIеман министршца.