ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIуттур юй-те Лондон бакъдерг ала?


Лондон --Литвиненко Александран хIусамнана Марина журналисташца,2014
Лондон --Литвиненко Александран хIусамнана Марина журналисташца,2014

Британехь тхов-кIело а карийна, диссидентан новкъаваьлча вийначу Литвиненко Александран кхел йоьрзуш ю.

Еарийдинайхь Британин парламентан кхеташонехь Лондонерчу кхело йовзуьйтур ю шен вердикт, Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисан лар юй-те цигахь бохучу коьртачу хаттарна жоп а луш.

Кхелан эксперташ, декъашхой тешна бу, Литвиненко Александран дахар хеназа хадорна бехке Оьрсийчоьнан къайлаха сервис хиларна а, кхело шен жамIаш довзийтинчул тIаьхьа керла санкцеш Оьрсийчоьнна дуьхьал йохург хиларх а.

Лондонерчу полицино официалан хаамашка диллинера, талламаш бинчул тIаьхьа, КГБ-н, ФСБ-н белхахо хилла Литвиненко Александр полоний дIовш малийна 2006-чу шарахь Лахьан-баттахь кхелхина хилар.

Оццу муьрехь Литвиненкона Британино политикан тховкIело елира, цул тIаьхьа шайн пачхьалкхан вахархо веш паспорт а деллера.

Полицино бахарехь, Литвиненкос молучу чайнах дIовш тоьхнарг хIетахь цуьнца цхьаьна ФСБ-хь бох бина накъост, тахана пачхьалкхан Думин депутат Луговой Андрей, бизнесхо Ковтун Дмитрий а хилла.

2007-чу шарахь Британин полицино Оьрсийчоьне шайн кара схьавалар дехнера Луговой а, Ковтун а Литвиненкон кхел ерззалц, амма жоп доцуш дитира Кремло дехар, конституцин низамаша доьхку кхечу пачхьалкхшна шайн бахархойн экстрадици яр, аьлла.

Жоп цадаларал совнаха, Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира Лараман орден елира шен омрица «Даймахкана хьалха доьналла гайтарна» аьлла, Iамерко Литвиненко Александр верна бехкевечу Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думин депутатна Луговой Андрейна .

Юьхьанцалера кхелан ладегIарш йист йоцуш, шалхонашка девллера, хIунда аьлча дукхахъдолу кехаташ Британин Iедало къайладаьхьнера, цул совнаха, кхело болх къевлинчу рожехь а болийнера.

Шен цIийнда вер таллар цхьалха долуш ца хиларна саготта йолчу Литвиненко Маринас Британин Iедале масех дехар дира, ладегIарш диллинчу барамехь дIадахьар.

Цул тIаьхьа диллина дIадаьхьира кхело гIуллакх листар.

«Дуккха а хетттарш хьийза сан коьртехь, царна лун долу жоьпаш суна чIогIа мехал ду. Муха, хьенан аьтто баьлла Оьрсийчуьра адаман дахарна кхераме долу полоний дIовш Европе кхачон», бохуш дийцира Литвиненко Маринас зорбанехь ша еллачу интервьюхь.

Мел а шеконашца ша хилара а къайла ца хьо Маринас, цхьадерг ца хууш, къайленехь дуьтур дуйла а хаьа суна, боху цо. Нагахь санна Iедална и къайленаш хууш елахь, кхелахочун сацам нийса хир бу аьлла, тешна ю ша.

Британин политикан лаккхара куьйгалхой а бу сатийсамехь, шайн тергонехь латтош кхело еарийдийнахь кхайкхон болу сацам.

The Sunday Times агенталло бечу хаамца, парламентан кхеташо йолалуш Британин премьер-министр Кэмерон Дэвид дагахь ву къоман кхерамзаллин кхеташонехь .дийцаредан хьал.

ТIаккха билгалдера ду, Москохца кхин дIа хир йолчу юкъаметтигаинй мича кепехь хир ю тIаьхьало.

Доллу дуьне а ду еарийдинахь Лондонерчу кхело Iорабоккху сацам муха хир бу ца хууш, ладегIамехь.

Эмиграцехь долчу Нохчийн Республикан Ичкерин Iедалан лидер Закаев Ахьмад а ву царлахь.

Цунна гергга бевзаш хилам бу Литвиненко Александр Оьрсийчуьра вадар, цо Путинан Iедал Iорадохуш бина некъ, цуьнан кхалхар.

Мел Iаткъаме делира хьуна Литвиненко вер, кхелера муьлха сацам хиларе сатуьйсу ахь а, кхечу Литвиненкона герга хиллачара а, аьлла Маршо Радионо шега деллачу хеттаршна иштта жоп хазийра Закаев Ахьмада.

Закаев: «ХIокху тIаьххьарчу 25 шерачохь беза а, бевза а, хьан даго къобал а беш, хьуна гергара хеташ болу дуккха а нах дIакъистина вайх. Саша дIакъастар, баилгал бакъ а долуш, суна а, суна санна, бIеннашкахь, эзарнашкахь нахана а новкъа а деанера, и вевзачарана. цуьнан ойла а, сатийсамаш а бевзачарна.

Вай дIахьошболчу луьрчу тIамехь дика накъост вара иза. 2004-чу шарахь президент Масхадов Аслана комисси кхоьллинера, вайн чохь хиллачу тIемаша динчу зуламийн таллам беш, зуламхой дуьненан юкъарчу кхелашка а ийзорхьама.

Со комиссин куьйгалхо хиларе терра, сайна Александр вевзаш хиларна, Аслане дехар динера а, иза комисси юкъа вахийтар доьхуш. Цуьнгара доккха накъосталла а хилира цу тIехь. Еарийдийнахь Лондонерчу кхело сацам бовзуьйтур бу.

Суна хетарехь, оцу динчу зуламна бехке Оьрсийчоь ю аьлла билгадоккхур ду, со цуьнах тешна а ву. И билгалдаккхар чIогIа мехал а ду-кх, соьга хаьттича».​

Дукхахболчу эксперташна хетарехь, Оьрсийчоьнна дуьхьал яьхна санкцеш, кхин цкъа а а йохлур юй-те аьлла, шелъелла Малхбузерчу пачхьалкхашца юкъаметтигашка ладоьгIча, Лондонерчу кхело оьрсийн къайлахчу сервисна Литвиненко вер тIедожадахь а, хийцалур долуш хIумма а дац.

Британино Оьрсийчоьне бехк кхийдор бу, ткъа иза къера хир ю ала а дац.

XS
SM
MD
LG