ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тахана ледара дешархо, кхана - кхетамбоцу къам


Махачкала --Дешаран, Iилманан министраллина хьалха нанойн акци, шайн берашна ишколехь меттигаш цатоарца, 2015
Махачкала --Дешаран, Iилманан министраллина хьалха нанойн акци, шайн берашна ишколехь меттигаш цатоарца, 2015

Оьрсийчохь бахархойн терахь лалуш делахь а, ишколашкахь дешархошна меттигаш тоьаш яц.

Къилбаседа Кавказехь социалан-экономикан хьелаш кхиарх доьзна хеттарш дийцаре деш Медведев Дмитрий коьртехь а волуш дIаехьначу кхеташонехь леррина пачхьалкхан программа тIеэцна 2025-чу шаре кхаччалц.

Премьер министаран гIоьнчано Хлопонин Александара билгалдаккхарца Кавказан кIоштехь адам сиха дебар бахьанехь, дуккха а доьшийлаш ян хьашто хилар хьесапе эцна урхаллехь болчара.

«Цхьаццанхьа бераш 3-4 рожехь доьшуш хиларна премьер министаро декхар хIоттийна, цу декъехь цхьалхо яр тIедуьллуш. Карахь долчу шарахь Къилбаседа Кавказехь дIайолаялийта дагахь ду керла доьшийлаш а, лоьрийн центарш», боху Хлопонина Александара. Цо дийцарехь цу Iалашонна къастийна ду 27 миллиард сов ахча.

Нохчийчоьнан дешаран, Iилманан министараллин хьостано официала гIардаккхарца махкахь ира лаьттачу хаттарех цхьаъ ду ишколашкахь берашна меттигаш ца тоьуш вуно чIогIа готте хилар.

Цуьнан лаккхарчу тIегIан маьхькIамхоша чIагIдарца кхузахь болх беш 456 ишкол ю 240 эзар сов дешархо а волуш. «Республикехь 56 ишкол кхаа рожехь къахьогуш ю, 311-та шина рожехь»,- боху официалан динчу дIахьедарехь.

Доцца аьлчи бан ма-беззара цхьана рожехь болх беш бIе ишкол яц йиъ бIе шовзткъе ялхиттаннах. Лахарчу тIегIан доьшийлашкахь цу кепара готте ца хилийта,говзанчаша бечу чIагIамашца, шо-шаре мел долу бераш дебар хьесапе эцча, Нохчийчохь хIора шарахь 25 керла ишкол йина яккха езаш ю.

Бакъду, и Iаткъаме хьал хена-жерахь дикачу агIор хийцалур ду ала хIуьттурш дукха бац. Ткъехь шарахь, меттигаш ца тоьуш, вуно чIогIа готте йолуш, балехь белхаш бинчул тIаьхьа керла ишкол йогIа кхаж баьллачех цхьаъ ю Теркйист кIоштера Ломаз юрт.

Бахархоша а, ур-аттал цхьаболчу кIоштан хьаькамаша а даре а деш, керла ишкол йогIарна уггар хьалха «бехкениг» ву, масех шарахь Iедалхошна тIаьхьаваьлла лелла хьалха цу ишколан директор лаьттина, хIинца историн хьехархо Бетризов Султан.

Цу ишколера хьехархо Залпаъ ю цунах а, шаьш хIинццалц къизачу готтехь хьегначу къих а дуьйцуш.

Залпаъ: «БархI бIе сов бер ду ахана готтехь. Чоьнаш тоьуш яц. Ткъех шо а ду кху готтехь тхо долу. Классал арахьара болх бан таронаш ян а яц. Эххар а Iедале орца дехарх гIуллакх хили-кх тхан. Стохка дуьйна еш ю ишкол. ХIинцца йина ер йолуш ю.

Вуно чIогIа хаза ишкол ю. Тхо-м кхера а кхоьру. Мел инзаре йоккха ишкол ю хаьий хьуна. Ишколаш ца тоьуш ярташ дукха ю. ХIара а тхуна хир йолуш а ца хилла тхан хьалхалера директор Бетризов Султан каде ца хьийзинехь. КIоштан хьаькамаша а боху иза. Тхан юьртахь бен ян а яц боху кхечанхьа еш федералан центран чоьтах ишкол».

«Кхин гена вийла а ца оьшуш, лакхахь хьахийна ма-хиллара, кхин а ледарчу хьелашкахь болх беш ишколаш кхузахь кIезиг яц. Оха тхайн кхачамбацарш дийцаро тодийр долуш хIума делхьара хала дацара уьш охьадалхо.

ШолгIа, жимма а шайна Iотталуш хIума хилахь а, я шайна Iотталуш ду мотталахь а Iедалдай, бIаьрга сара кхетчу санна, тIаьхьа-м бевр бу, бакъдерг дийцинарг мила ву а хиъна, цунна таIзар дан. Цул IадIийча санехь ду, ладегIам а кIезиг хир бу».

Герггарчу барамехь ишта кхетадо, бохамах ларлуш шаьш мотт кхабар хьехархоша а, могIарерчу наха а.

Бераш кхетош-кхиоран гIишлош цатоарал а массехазза сов зене эшам-катастрофа лору дай-наноша а, хьехархоша а балхахь зеделла, лаккхара говзалла йолу белхой-пенсионераш дIа а бохуш, церан метта шина кепекан меххал а охIла боцу, кIадда а хууш боцу кегийрхой дIахIиттор.

Ала дашна цу декъехь, бераш кхоадарехь, царех къахетарехь вайнехан хьакамел а, тIекхуьучу чкъурах-нохчийн берех дог лозуш а, церан кханенан бала кхочуш а хилла Новр кIоштера, оьрсийн къомах волу префект.

И бахьнехь цигара дIабаьхна бац цхьа цхьаъ хенара, балхахь бахчабелла хьехархой-пенсионераш.

Бахархоша дийцарехь, мел бакъ ду ала хала ду, цо аьлла боху, хенара хьехархой балхара мукъабахар йоза-дешар Iаморехь дашо фонд хIаллакъяр санна хIума ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG