Хьалхо Нохчийчоьнан администраторо Кадыров Рамзана дIахьединера, шен куьйга кIелхьарчу леринчу ницкъаша «агентуран маша» кхоьллина «Исламан пачхьалкх» олучу тобан могIаршлахь, аьлла.
Оцу хьокъехь шега динчу хаттарна журналисташна жоп делла Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретара Песков Дмитрийс. «Нохчийн лерринчу тIеман тобанах дерг тIеман министраллехь хаа деза» - аьлла цо.
Бакъдан я харцдан ца хIоьттира иза, кеманаш доцуш, Оьрсийчоьнан эскархой буй Шемарчу тIамехь дакъалоцуш аьлла шега деллачу хаттарна. «ТIеман министралла цкъа аьлла а ца Iа, мила, маца дуьйна, хIун деш ву Шемахь» - дара Песковн жоп.