ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мамакаев Мохьмад. Даймехкан косташ


Нохчийн бIов
Нохчийн бIов

Даймехкан косташ

Шуьга ду маршалла, хьомсара накъостий,
Дехийла, ирс хуьлда, IадIелаш шу ховший,
Шун оьзда гIиллакхаш - Даймехкан безам бу,
Барт болуш гулдалар - сан дагна хаза ду.
ЦIеххьанчу орцано сихонца айвина,
Кхочучу ницкъаца накъостал дан лиъна,
Даймехкан декхаро гIаттийна вогIу со,
Шен дикчу кIенташка дIаала боху цо:
Челакха ойланаш шен коьртехь сецаеш,
Чохь чIана эшийна шун дагна вас ца еш,
Массанхьа Iу хилла, шаьш хала кхиийна
И къена шайн дада тергалве, боху цо.
Хеназа самаюьйлуш, шун меттан мотт хуьйцуш,
Мерзачу набарна аганан гIожца туьйш,
Доьзалан хьашташа хеназа къежйина
Хьомсара шайн нана йиц ма е, боху цо...
Де доьхна Iаьржачу халоно хьовзийнчохь,
Мацалло бIаьрздина, гIелонна кIелдуьсчохь,
Бохамна, харцонна юьхь дуьхьал хIиттинчохь
Собарах, стогаллах ма довла, боху цо.
Хало тIейоьттинчохь, стогаллах хьо валахь,
Хьайн мехкан сий лардан ахь хьайн дог кхоадахь,
Хьомечу хьайн ненан юьхь-сибат ахь дицдахь,
Ша - Даймохк кIинтIера бера бац, боху цо...

Мамакаев Мохьмад ­ - нохчийн яздархо а, поэт а вара. Иза вина 1910--шеран шеран гIуран-беттан 16-чу дийнахь ТIехьа-Мартанехь. Цо чекхъяьккхира Малхбале къинхьегамхойн Коммунистан университет а, Лаккхара литературан курсаш а Москох.1931-чу шарахь иза хIоьттира “Грозненский рабочий” газетан редакторан когаметтаниг. 1937-чу шарахь иза чувоьллира Соьлж-ГIаларчу набахте. Жимма хан яьлча, арахийцира, ткъа 1940-чу шарахь иза юха а чувоьллира Элистахь волчу хенахь. 1956-гIа шо тIекхаччалц иза Гулагехь вара. Халачу хьелашкахь волушшехь, кхоллараллан болх дIа ца тесира цо Гулагехь. 1955 – 1958 шерашкахь Алма-Атахь нохчийн маттахь арадолуш хиллачу «Къинхьегаман байракх» газета агIонаш тIехь зорбатоьхна Мамакаев Мохьмадан Iилбаседехь язйина цхьайолу стихаш. Даймахка цIавирзинчул тIаьхьа, Мамакаев Мохьмада 1962 шарахь дуьйна шен дахаран тIаьххьара де тIекхаччалц "Орга" альманахан редакторан болх бина. Мамакаев Мохьмад дахаран некъ хедира 1973 шеран марсхьокху-беттан 17-чу дийнахь.

КХИН А
XS
SM
MD
LG