ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мамакаев Мохьмад. Схьахьажахьа соьга... 


Chechen bride
Chechen bride

Сирлачу шовданан коьртехь,
Хих кIудал юьзна а яьлла,
ДIаяха кечъелла хьо ас
Сацийра: - Хи лохьа, - аьлла.
Хьоь хьаьжча, дог чIогIа хьагло,
БIарзвелла, къурд байта соьга.
Дагахьдерг соь ала ца ло,
Ца керчаш, мотт багахь соьцу.
Кховдабе хин чаме соьга,
Хьостано дIо седа санна,
Дог хьастий, схьахьажа соьга,
Кхин рицкъа хьашт дац-кха вайна.
Лам айбар белшо а лайна.
ХIуттур ву со хьуна хьалха.
Ахь соьга, ела а елла,
Дош алахь ирс деъна вайга.
Елало, дог цIена хьовза,
ДIаэца сан са а хьайна.
Реза ву тIулг хилла саца,
Ахь декъахь сан дахар хьайца.
Ахь чами кховдийна къурд бахь,
Iебар ду шовданан хих са;
Сакъераделла, ахь дош лахь,
Хала дац халонца къийса...

Мамакаев Мохьмад ­ - нохчийн яздархо а, поэт а вара. Иза вина 1910--шеран шеран гIуран-беттан 16-чу дийнахь ТIехьа-Мартанехь. Цо чекхъяьккхира Малхбале къинхьегамхойн Коммунистан университет а, Лаккхара литературан курсаш а Москох.1931-чу шарахь иза хIоьттира “Грозненский рабочий” газетан редакторан когаметтаниг. 1937-чу шарахь иза чувоьллира Соьлж-ГIаларчу набахте. Жимма хан яьлча, арахийцира, ткъа 1940-чу шарахь иза юха а чувоьллира Элистахь волчу хенахь. 1956-гIа шо тIекхаччалц иза Гулагехь вара. Халачу хьелашкахь волушшехь, кхоллараллан болх дIа ца тесира цо Гулагехь. 1955 – 1958 шерашкахь Алма-Атахь нохчийн маттахь арадолуш хиллачу «Къинхьегаман байракх» газета агIонаш тIехь зорбатоьхна Мамакаев Мохьмадан Iилбаседехь язйина цхьайолу стихаш. Даймахка цIавирзинчул тIаьхьа, Мамакаев Мохьмада 1962 шарахь дуьйна шен дахаран тIаьххьара де тIекхаччалц "Орга" альманахан редакторан болх бина. Мамакаев Мохьмад дахаран некъ хедира 1973 шеран марсхьокху-беттан 17-чу дийнахь.

КХИН А
XS
SM
MD
LG