Хазачу йоьIан тIулг Мамакаев Мохьмад Тхойшиннан говраш йоргIа эцна йоьлхуш яра. ТIаьхьаюьсуш, кIунзал баьла корта санна, буц йоцуш гIамарин таммагIанашца бIаьрго схьа ма лоццу еса аре яра. Цкъа а дIакхочур вуй-те аьлла, дIахьаьжча йист ца гуш изза аре хьалха а яра. Сан накъост, урс хьаькхча иккхина хIума санна, готто беха ши бIаьрг а болуш, Iаьржачу аматахь къона стаг вара. Иза Илесан Iимран вара. Шен сира-Iожа говр юха а оьзна, Iимрана хаьттира: - Муха хетта хьуна тхан аренаш, хаза юй? - аьлла, шен йоккхачу юьхьца вела а къежна, гондхьа бIаьрг туьйхира цо. - Хаза ю, делахь а гIа-буц кIеззиг ю-кх кхузахь, IиндагI а дац, бIаьргашна гуш цхьанхьа гIишло а яц, -элира ас, айса и муха олу а ца хууш. - ГIа-буц яц бохург хIун ду? ДIахьажал!- аьлла, шен шовдан кхожаца малхо макхъеш ягийна кондаршший, аренан кIохцалшший гайтира Iимрана, леррина арене шен хьажар духа сунна тIе а дерзош. - Шу Iемина даккхийчу диттийн IиндагIашкахь Iен, кемсийн таьллангаш кIел садеIа, тхуна –м ю хIара аренаш хаза а, ненан дукха езаш а, эшначохь дагна IиндагI долуш а. Деа дагахь йилбазалла доцуш, айса аьлларг сайн накъостана чIогIа халахеттийла хиира сунна, цундела: -Iеминарг, дезаш дагах доьлларг, бIаьрго безамца лехнарг муьлххачунна а хаза ду. Шуна беза хIара мохк, дайх бисна шайн болу дела, тхуна а беза тхешаниг, -элира ас. - Иза а бакъ ду, - элира Iимрана, вуха а соьгахьа а вирзина, - дуьне хIоьттичхьана схьайогIуш адаман амал ма ю и. Юха тхойшиннан говраш йоргIахь йоьлхуш яра. Генна хьалхахь дежаш жа гучуделира. Тхойшиъ тIе а кхачале, леташ даккхий жен жIаьлеш даьхкира дуьхьал. -ДIадовла, йовсарш! - аьлла, шен беха коьжалг а айина дIачовхийра къеначу жаIуьно жIаьлеш. -Ассалам Iалайкум! Де дика хуьлад хьан, воккха стаг! - Ва Iалайкум салам! Марша догIийла шу!- аьлла, тхойшинна роггIехь куьйгаш лецира, малхой, мохой дахчийна, Iаьржа, замано хершнаш тийсина декъано юьхь-сибат а долуш, лекхачу дегIахь, ханна кхузткъа шо хир долуш волчу къеначу стага. - ХIра ву-кх хьуна вуьйцуш хезна гIараваьлла жаIу Аслан! Тхан кхиамаш тIехь кIеззиг меттиг яьккхина-м вац хьуна хIара, - ша хестор ца дезаш велахь а, элира Iимрана, вела а къежна. - И ма дийцахьа, Iимран, массара а бо дика болх. Ас динарг-м доккха хIума дацара, сайн къеналлина кIел саца ца лууш лела-кха-аьлла, куьг ластийра жаIуьно. - Ас-м бакъдерг боху, Аслан-ата, кхечара динчуьнца а ду хьан алсам дакъа, ахь гойтуш, хьоьхуш цара иза дина дела. - Ас и ца динехь а, со хестош бен хьо Iийра-м вацара, -аьлла, вела а къежна, дIадерзийра къеначу стага къамел. - Кху аренийн а, тхан совхозан а гIуллакхаш Асланна дика хаьа хьуна. Кхуо дуьйцур ду хьуна мел дезарг а, -аьлла, тхойшиннан Iодика а йина, тIахъаьлла говра хиира Iимран. Кхоссаеллачу говро цхьа иттех гIулч яьккхича, иза юха а озош, тхойшингахьа схьа а вирзина: -Аслан-ата! Акхболте а, кхечаьрга а суьйранна хьо волчу гулло алал, сарахь вогIур ву, вайн дан къамелаш ду, -элира Iимрана. - Мегар ду! – аьлла, корта таIийра къеначу жаIуьно. - ДIахьажал цуьнга, муха хетта хьуна и бере? - аьлла воккхавеш соьга хаьттира Аслана, чехка йоьдучу говрахь боьгIна хьостам санна, Iачу Iимране а хьаьжна. – Партин стаг ву хьуна иза. Массо а хIума хаа лууш, массанхьа а кхочуш, халаниг уггар хьалха шена тIеоьцуш и дан гIерташ стаг ву Iимран. Со хIунда лела моьтту хьуна кхузахула? И ву хьуна со айвинарг а. - ТIам тIехь цхьаъ бен воцу кIант а вийна, бер карахь нус а юьсуш, сайн йоккхачу стагца, суо воцург хи белхало а воцуш, висира со. Цхьана сарахь ван а веана: «Муха веха хьо? ХIун хьал ду хьоьгахь?», - аьлла, хеттарш а дина и дIавахана кхо-диъ де а далале бераца йисинчу несана а, суна а пенсеш хIиттийра, тхан хIусам тояйтира, шурина етт кхио нисделла шинара делира суна. Ткъа, иштта Iалашвеш хилча, муха Iийр ву хIуммаъ ца деш чохь, аьлла, Iимрана шен ах къоналла суна схьаелча санна, къонвелла араваьлла –м дера ву хьуна со, -аьлла, Iимран хастийра къеначу жаIуьно. Де делкьал тIаьхьенга даьлла, арахь ч!огIа йовха яра. - XIара а яьлла xloнc лаха ара, - элира Аслана, реза воцуш стигла а хьаьжна. Къеггина цIенчу стигалхула йоьдуш таьIIина боьмашчу 6асахь «йоккха дарта» яра. Кху арарчу олхазаршна юккьехь yrrapе а йоккханиг йу иза. Дарта атта евзар ю, цо шина метаре кхоччуш дIа-схьа тесначу тIемех а, цуьнан паргIат леларх а. - Кху-a-кx, кху-а-кх! — боху, къоро хезаш бара цо хьоькху мохь. Иза шен дайх йисина аренаш ма хетта талла араяьлла, эра дара дарта гинчо. - Йистехьо шена карийча, Iaxap-м чIешалг санна хьалаоьцуш-м ю хьуна иза. — элира Аслана, дарта генна яьлча.
- Дийцахьа сунна, Аслан, я хьайх, я балхах лаций хьайна хазахеташ дерг. Иштта кьамел деш веаана цхьана гу rle кхечира гхойшиъ. - Охьахаа, - аьлла, соьгахьа гIаж а тесна, меллаша охьахиира Аслан. Со муха гIотту а цa хууш хьала а гIаьттина, сайн гонаха дIаcaхьаьжира со, суна хьалха Iуьллуш бара, ах лаьттах а бахана, замано а, йочанаша а макхбина боккха тIулг. ТIаккха оьгIазваханчу Оралбайс нуьцкьах и ялае аьлла, шен ялхой арабаьхна. Шена ца везачу стаге йоьдучул, яла резахилла ПIетмат, цхьанхьара а дала орца доцуш ша кIелйисча, шийла дарц хьоькхучу буса, чуьра ара а иккхииа, юьртах яьлла дIаяхна. Кьеначу стага, корта охьа а бахийтина, цхьана минотехь ойла йира. Таккха лерина тlyлге а хьаьжна, дIадийцира жаIуьно. Цу буса араваьлла шина-кхаа днйнахь дас лехарх ца карийна, бохуш дуьйцу ПетIмат. |
Мамакаев Мохьмад. Хазачу йоьIан тIулг.

Кхунах тера
Мамакаев Мохьмад - нохчийн яздархо а, поэт а вара. Иза вина 1910--шеран шеран гIуран-беттан 16-чу дийнахь ТIехьа-Мартанехь. Цо чекхъяьккхира Малхбале къинхьегамхойн Коммунистан университет а, Лаккхара литературан курсаш а Москох.1931-чу шарахь иза хIоьттира “Грозненский рабочий” газетан редакторан когаметтаниг. 1937-чу шарахь иза чувоьллира Соьлж-ГIаларчу набахте. Жимма хан яьлча, арахийцира, ткъа 1940-чу шарахь иза юха а чувоьллира Элистахь волчу хенахь. 1956-гIа шо тIекхаччалц иза Гулагехь вара. Халачу хьелашкахь волушшехь, кхоллараллан болх дIа ца тесира цо Гулагехь. 1955 – 1958 шерашкахь Алма-Атахь нохчийн маттахь арадолуш хиллачу «Къинхьегаман байракх» газета агIонаш тIехь зорбатоьхна Мамакаев Мохьмадан Iилбаседехь язйина цхьайолу стихаш. Даймахка цIавирзинчул тIаьхьа, Мамакаев Мохьмада 1962 шарахь дуьйна шен дахаран тIаьххьара де тIекхаччалц "Орга" альманахан редакторан болх бина. Мамакаев Мохьмад дахаран некъ хедира 1973 шеран марсхьокху-беттан 17-чу дийнахь.
Авторш
- Абдулаев Леча
- Айдамирова Машар
- Аткаева Луиза
- Ахматова Раиса
- Бадуев СаIид
- Батаева Хеда
- Бексултанов Муса
- Бисултанов Апти
- Гадаев Мохьмад-Салахь
- Гайтукаева Бана
- Гацаев СаьIид
- Дакаев СаьIидбек
- Дикаев Мохьмад
- Исмаилов Абу
- Кацаев Сайд-Хьасан
- Мамакаев Мохьмад
- Мамакаев Iаьрби
- Оспанов Къосам
- Оливер ХIенри
- Пушкин Александр
- Петирова Петимат
- Саидов Билал
- Сатуев Хьусайн
- Сулаев Мохьмад
- Сулейманов Ахьмад
- Талхадов Хьамзат
- Твейн Марк
- Туьйранаш
- Хамидов Iабдул-Хьамид
- Хасаров ШаIрани
- Сулейманов Юсуп
- Хатаев Хьусайн
- Хатуев Iабдул-Хьамид
- Чабаев Лема
- Элдин Макаил
- Эльдарханова Зайнап
- Эльдиева Марет
- Юсупов Iилман
- Яндарбиев Зелимха
- Яралиев Юсуп