ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пачхьалкх доьзалан карахь юьсуьйту гIулчаш яьхна Таджикистанан парламенто


Таджикистанехь референдум ю кху беттан 22-чохь дIахьош, президентна Рахмон Эмомалина а, цуьнан доьзална а президентан дарж кар-кара луш, долахь латто бакъоялар къастош. Оцу юкъанна пачхьалкх цхьана доьзалан карахь юьсуьйту гIулчаш яьхна Таджикистанан парламенто хIинцале а.

Рахмон Эмомалин воI Рустам 30 шо кхаьчна бен вацар чоьте а эцна, 35 шарера, оцу кIентан хене охьадаьхна депутаташа вахархочунна президент хила торуш долу шераш.

Ши бутт хьалха парламенто 63 шо долчу Рахмонна тиллина «къоман да» цIе, цунна а, цуьнан гергарчарна а елла низамах маьрша бохуш иммунитет, аьлча а, Iедалан бакъо яц Рахмонан доьзал хIуманна а жоьпе бан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG