Либех Iамеркин кеманаш "Исламан пачхьалкх" тобанна ракеташ тоьхначу хенахь вийна стохка Лахьан-баттахь дуьйна тIемалоша закъалтана лаьцна латтош хилла ши серб. Сербин Либерчу векалаллан белхахочо бинчу хаамца, вийна ши стаг болх беш хилла Сербин векалаллехь. И шиъ лачкъийна хилла тIемалоша Сабрата олучу гIалахь. Гарехь, ши серб латтош хилла тIемалойн лагерехь.
ПIераскан дийнахь Iамеркин тIеман кеманаша тохарш дира Либерчу Сабрата гIала. Пентагонан векло хаам бира шайн Iалашо тIемалой дIатарбелла меттигаш яра аьлла.
Хьалхо зорбанан гIирсаша дийцира Iамеркин тIеман кеманаша ракеташ а, бомбанаш а тоьхна Тунисехь гулбина болу " Исламан пачхьалкх" олучу тобанера лаххара а 30 тIемало вийна аьлла.