Доллучу дуьненах масех го боккхуш чекхйелира масех бутт хьалха ватсапп программехула Нохчийчуьрчу Iедалшна критика еш къамел даржийна къона зуда, шен гергарчу нахаца цхьаьна телевизионе а ялийна, мехкан куьйгалле жоьпе ийзорах лаьцна сюжет.
Иза цхьаъ хилла ца Iахь, ткъа социалан машанашкахула а, мобилан телефонашкахула а шайн хетарг хьул ца деш дуьйцу нах Iедалхошна кара а бой, уьш халкъана хьалха сийсазбар я - кхин а сов - уьш кхеле ийзор Оьрсийчохь тIаьхьарчу заманахь жим-жима даьржаш делахь а, амма къаьстина цу зудчуьнца дерг шуьйра даьржира хаамийн гIирсашкахула.
Там бу амма хIинцачул тIаьхьа кхин йолчу программийн гIуллакх муха а додахь а, амма ватсаппехула дийцинарг я яздинарг иштта атта къайлахчу сервисашка а, Iедалхошка а таллалахь.
ХIунда аьлча, кхаари дийнахь дуьненчохь уггаре а яьржинчех а, наха шуьйра пайдаоьцучех а мобилан программа кхоьллинчара динчу дIахьедарца, хIинцачул тIаьхьа цу программехула дийцинарг я яздинарг иза яздинчунний, цуьнан адресатний бен гур я хезар доцуш, дIакъевлина хир ду.
И хаам шен блогехь баржийнарг ватсапп кхоьллинчех цхьаъ, цуьнан карарчу хенахь инарла директор а волу Кум Ян ву. Цуо чIагIдо, хIинцале а цхьа миллиард стаго доллучу дуьнентIехь лелочу программехула дIасакхоьхьуйту хаамаш хийрачаьрга схьабасталур я бешалур бац, бохуш.
„Идея вуно атта ю: нагахь санна аш цхьанге цхьа хаам язбахь, кху лаьттахь иза схьабелла а, беша а йиш йолуш цхьа адам бен хир дац – аш иза шега язбинарг.
Я аш иза цхьана тобанан чатехь язбинехь, цу чуьра нах бен хир бац. Кхин цхьанге а бешалур бац иза. Я киберзуламхошка а. Я хакершка а. Я деспотечу режимашка а. Ур-аталла, тхоьга, ватсапп кхоьллинчаьрга а, бешалур бац иза“ - иштта яздира Кум Янс шен интернетерчу агIонна тIехь.
Иза доьзна ду, ватсапп кхоьллинчара дийцарехь, 2014-чу шарахь дуьйна и сервис эца а эцна, шен дола яьккхинчу Фейсбук социалан машано шайн лелорхойн кхерамазалла лакхаяккхархьама церан хаамашна лерина цхьа шифр яран система юккъеяккхарца.
Лелорхойн хаамаш а, къамелаш а хийрачех я къайлахчу сервисех ларор кхоччучу тIегIанна тIе даккха Iалашонца белхаш Фейсбукно дIаболийна масех шо а хилла.
Дуккхаъчу адамийн бакъонашларйархоша а, социалан машанаш лелорхоша а юх-юха а латкъамаш бора цу концерне, шайн йозанаш а, къамелаш а Iедалхойх я киберзуламхойх ларбе бохуш. Амма тIаьхьарчу беттанашкахь Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу Талламийн Федералан Бюро цIе йолчу къайлахчу сервисан, айфонаш ечу Эппл концернан дов эккхалца и латкъамаш башха терго ца еш буьтуш бара Фейсбуко а, кхечу социалан машанаша а.
Ткъа и дов даханчу Iай Вашингтонерачу къайлахчу сервисаша Iамеркерчу Сан-Бернардино гIалахь 14 стаг вийначу зуламхочуьн Фарукъ СаIидан айфон телефончохь йолу къайлаха файлаш схьайоьллуш шайна Эппл фирмера гIодехар а, цу дехарна Эппло дацаре жоп далар а бахьана долуш даьлла дара.
ХIинца, цу девнна ша-башха жоп санна дека ватсапп сервисо шайн клиентийн хабарш леринчу кодашца лардийр долуш ду аьлла дIахьедар.
Мухха делахь, дуьненчохь миллиард сов стаго лелош йолчу цу мобилан программин клиенташна хаза кхаъ бу хIинцачул тIаьхьа гIуллакх мел доцучеран я зуламхойн, я Iедалхойн тIекхочийла а доцуш, маьрша вовшашца зIе лелон ватсаппехула таро ю бохург.
Кхин хIара аьлла политиках я кхечу муьлхачу а цхьана бехкечу темех лаьцна ватсаппехула къамелаш деш шаьш дацахь а, амма могIарерчу нахана синтеме ду, шаьш дуьйцург кхечарна ца гойла а, ца хезийла а хаар бохуш дийцира Маршо радионе ватсапп программех доккхачу декъехь шен Нохчийчуьрчу гергарчу нахаца зIе латторна пайдаоьцучу Германин яхархочу Тазуркаева Мадинас.
Цунна хетарехь, карарчу хенахь йолчарех уггаре а лелон атта а, аьхна а мобилан маша бу ватсапп.
Тазуркаева: „Ватсапп къаьстина нохчашна юккъехь чIогIа яьржина ю. Вайн цIахь мобилан телефон йоцуш цхьа а вац, тIаккха цуьнца иза лелон атта ду, цундела массарна а дика карйирзина и программа.
Суна чIогIа дика хета цара цу программин кхерамазалла лакхаяьккхина, хIунда аьлча цу ватсаппах тIаьхьарчу хенахь массийтаза нахана зуламаш дийлинера. Къемата а кхераме хIумнаш цу чухула дIаса ца тийсахь а, амма масане хуьлу“.
Ала догIу, ватсапп дуьххьарниг мобилан маша бац шайн клиенташна хийрачех а, Iедалхойх а дIакъевлина хабарш дийцар Iалашдеш йолу. Телеграмм олучу программано а таро ло иза лелочарна къайлахчу сервисех кхера а ца оьшуш, вовшашка бистхила.
Бакъду, Телеграмехь и таро леринчу чаташкахь бен яц.
Ткъа кхаари Iуьйранна шайн телефонашна тIехь ватсапп хьалалатийначарна ган йиш ма-хиллара, цу сервисо и аьтто муьлхачу а лелорхочунна ло, кхин шен агIор цхьа а лерина гIулчаш яха а ца оьшуш.