ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юсупов Iилман. Даймахке.


Нохчийчоь
Нохчийчоь

Даймахке

Даймохк, ас хьан лаьттахь юьту коган хIора лар а

Лууш ву со хила хьан некъашна аьхна даар.

Шераш тIе мел кхийти тIеттIа сан дегI дайдалар а

Ду шен йозаллица цунна лазон хьо цалаар.

Карахдаьлларг хьан чухчарин хица ламаз эца

Хьан тийналлин аз ца хаззал ма хир вац-кха къора…

Хьан мох оьшу суна, цициг санна, караэца,

Оьшу деган хьерахь аххьал хьан дарбане къора.

Оьшу: бIаьста — кийра тилла хьан маьлхан цIен гуьйриг,

Аьхка — коьртах мехий детта хьан воккха лор-догIа,

Гурахь — син туьтеш тIетаса хьан гIаргIулийн могIа,

Iай — иллешна бойнаш ян хьан мархийн къоьжа уьйриг.

Гуттар дакъа до ахь суна хьайн хьаналчу мулках,

Хууш эрна ас ца дойтий айхьа делла загIа.

Ирсан пенаш дуьтту ас хьан беттан шагатIулгах,

Сайн езачун кетIа буьхкуш хьан седарчийн жагIа.

Барзах тебаш, еъна, тоьхча Iожаллино хьиэх ка,

Со а хир ву хьуна лиъначарех сайна хила:

Хьан буц-ярийн тIийригаш а — кошан бертиг ехка,

Хьан дахкаран кIайн куьйгаш а — чуртан йоза дила…

Юсупов Iилман нохчийн поэт ву. Цо чекхъяьккхина Нохчийчохь юккъера школа а, А.А. Ждановн цIарах йолчу Ленинградан пачхьалкхан университетан историн факультет а. Белхаш бина школехь, газетийн а, журналийн а редакцешкахь, иштта Нохчийн Республикан Ичкерин дешаран а, Iилманан а министерствехь министран хьалхарчу гIовсан даржехь. Юсупов Iилман поэзин ворхI книгин автор ву: «Заманан мазлагIа» (1991), «Доьналлин маьждиг» (1997), «Иэсан гIу» (1999), «Нохчийн кхерч» (шведийн маттахь, 2011), «Илли а, мухIажаралла а» (гIазакхийн маттахь, 2015), «Хьан кхерчан суй» (2015), «Иэсаца къамел» (2016). Юсупов Iилманан байташ араюьйлу нохчийн, оьрсийн, украинхойн, болгархойн, шведийн, ингалсан, испанхойн меттанашкахь. 2001 шарахь дуьйна эмиграцехь ву иза. Карарчу хенахь Швецехь вехаш ву. 2015-чу шарахь Швецин пачхьалкхан яздархойн Союзо шен могIаршка дIаэцна Юсупов Iилман.

XS
SM
MD
LG