ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара хьал дийцина Обамас а, Путина а телефонехула


Обамин а, Путинан а цхьаьнатоьхна сурт.
Обамин а, Путинан а цхьаьнатоьхна сурт.

Шемахь тIом сацор хьокъехь Чиллан-баттахь карийна маслаIат дохо мегаш ду аьлла дIахьедар дина Америкин президенто Обама Барака. Цу кепара Шемахь хIоьттина хьал цо дийцаре дина Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца, шен телефонехула хиллачу къамелехь.

Цунах лаьцна Обамас хаам бина CBS телеканалана ша еллачу интервьюхь. Американ президенто билгалдаьккхира Оьрсийчоьно а, Цхьаьнатоьхначу Штаташа а юкъаметтигаш лело еза Шемахь политикан процесс дIайолор Iалашонца аьлла.

Оццу хенахь Обамас хаам бира Вашингтонна а, Москохна а юкъахь цакхетамаш буьсуш хиларх лаьцна. И цакхетамаш боьзна бу Шеман президенто Асад Башара махкара хьал дIанисдеш лоцур йолчу меттигах лаьцна. Асада шен дарж дита деза аьлла хеташ ю хIинца а Амеркин Цхьаьнатоьхна Штаташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG