ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинхой хилла Нохчийчоьнан маршонехьа тIом беш?


Нохчийчоь -- Клых Станислав а, Карпюк Николай а кхелан ладогIрашкахь, Соьлж-ГIала, стигалкъекъан-бетта 17-гIа де, 2016
Нохчийчоь -- Клых Станислав а, Карпюк Николай а кхелан ладогIрашкахь, Соьлж-ГIала, стигалкъекъан-бетта 17-гIа де, 2016

Нохчийчохь шина украинхочунна Карпюк Николаяна а, Клых Станиславан а ен кхел тидамехь латтош ду Украинера Iедал. Стигалкъекъа беттан 19-чу дийнахь Нохчийчуьрчу Лаккхарчу Кхело толуш долу и гIуллакх дирзина охан-беттан 21-чу дийнахь. Кху беттан 18-чу дийнахь прокуратуралла дехар дира кхелъян кхайкхинчу нахе и ши стаг бехке лара, аьлла. Ткъа, цу шина украинхочуьнан адвокаташа и шиъ бехке хиларан тешалла ца хиларна и ши бакъве элира. Стигалкъекъа беттан 19-чу дийнахь кхелъян кхайкхинчу коллегино и ши бехке ву аьлла вердикт тIеийцира, делахь а, Клых Станислав озабезам бан хьакъ хилар лерира. Дагадаийта догIу, и шиъ бехкево Нохчийчуьрчу хьалхарчу тIамехь дакъалацарна а, цу тIамехь уггар лаххара а 30 оьрсийн эскархо верна а, 13 оьрсийн эскархо лазорна а.

Карпюк Николайна а, Клых Станиславана а йина кхел емал йира Порошенко Пётра. И шиъ мукъавоккхур ву, аьлла дош делира цо. Кхечу Оьрсийчоьно кхел йинчу украинхойн Савченко хиллачу адвоката Фейгин Марка элира цу шина велла дIаваллалц набахте чохь яккха хан тохахь, цо и шиъ Украинана схьавалар халах дийр ду, аьлла.

“Дан а дина, кхиндIа а сайга данлург дийр а ма ду, оха Оьрсийчохь политикан тутмакх лору Карпюк Николай а, Клих Станислав а, мукъаваккха. Минскерчу бартанца, верриг тутмакх мукъаваккха веза. Ас Арахьарчу Министераллан а, СБУ-н бегIийла лору косташ а дина,” яздо шена Фейсбук агIонна тIехь Порошенко.

Шена йинчу вердиктах вистхуьлуш, цуьнан адвоката Карпюк элира боху: “лайна карахь дац стаг дIахецар.”

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG