ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эскаре безам бахана кегийчу нехан


Оьрсийчоь -- Москох
Оьрсийчоь -- Москох

Охьабуьйлучу мехкадаьттан мехо а, малхбузено юккъеяьхначу санкцеша аОьрсийчоьнан телхачу экономикана бечу Iаткъамо а кегийчу нахана хене бовлийта говзалла харжа аьттонаш дуккха а лахдина кху тIаьхьарчу шина шарахь. Де дийне мел долу экономикехь алсамбуьйлучу баланаша Оьрсийчоьнан кегийчу нахана эскарехь контрактца гIуллакхдар марздина, бохуш дIахьедо Оьрсийчоьнан тIеман министералла. Иштачу ларамза Оьрсийчоьнан эскарна пайде бирзинчу цу хиламах язйо Оьрсийчоьнехула волчу Iамрекерчу эксперта Гоубл Поул. Шен артикл тIехь ца далон терахьаш а ду боккъал инзаре, Оьрсийчохь хьалха кегий нах гуттар эскарехь гIуллакхдарх къаьхкина хилар тидаме эцча муххале а.

Оьрсийчоьнан тIеман министр Шойгу Сергейа дукха хан йоцуш дина дIахьедарца, 2015-чу шарахь Оьрсийчоьнан эскарехь контрактца гIуллакхдечийн терахь 30 процент алсам ду контракт йоцуш эскаре кхайкхинчарел. И терахь тIедогIучу шерашкахь хьаладала тарло, хоуьйту Шойгус. Дукхахболу сержанташ а бу хIинца эскарехь контрактца гIуллакхдеш, цо бохучунна тIетевжаш дуьйцу Гоубл Поло. Ткъа, контракт йоцуш эскаре кхойкхурш бац хьалха санна, цига ца боьлхуш, кIелхьарабовла лууш, дуьйцу Гоубл Поло. Коьртачу декъана, уьш эскарехь шарахь гIуллакхдина бевллачул тIаьхьа, контрактана буха куьг таIийна, эскарехь бисаре сатийсарна боьлху эскаре а. Сискал яккха меттиг каро халчу дирзинчу хенахь, эскарехь лун алапа а, хене вала меттиг хилар а чIогIа тайна Оьрсийчоьнан къоначу бахархошна, довзуьйту Оьрсийчоьнан кегирхойн эскарехь гIуллакхдан лаарна бахьанаш Поло.

Ала догIу, Къилбаседа Кавказерчу экономикера хьал кризис йолаялале хьалха а дара кхечу Оьрсийчоьнан регионашкахьчул ледар. Кавказера кегий нах массо хенахь бара эскаре контракт йолуш, йоцуш баха лууш. Кавказхойн ламасташа даим кхиабо герзане безам, жималлехь дуьйна божарий кечбо тIемлой болуш санна. Ишкола яьккхича, тIемца доьзна гIуллакх дезаро а, меттигерчу ламасташа а, балха хIотта аьттонаш кIезиг хиларо а тоьтту уьш Оьрсийчоьнан эскаран могIаршка. Iамо ца езаш, кавказхойн цIийх йоьллинчу говзаллах ахча даларо муххале а тIеуьзу уьш эскарна а, ницкъхойн структурашна а.

Нохчийчуьрчу ницкъойх волчу Iимрана дийцира тхоьга ша а, ша санна болу кегий нах а эскаре, низамхойн могIаршка хIунда гIерта. Кхин болх ца хиларо а, лекха алапаш хиларо а, муьлххачу а тIемца а, латарца доьзна долу хIумано а марзйо вайн кегийчу нахана и говзаллаш, бохуш дуьйцу Iимрана.

Нохчийчохь дуккха а кегий нах бу эскаре баха лууш, амма баха луучеран терахь а оьшучул тIех сов лекха хиларо хедабо баха луучеран аьттонаш, дуьйцу Iимрана.

Цхьаболчу нохчашна тамашийна хета Оьрсийчоьнан эскаре вайн кегирхой баха лаар – дукха хан ца яьлла цу эскаро вуно къизза Нохчийчохь нах байъина а, гIалаш а, ярташ а, бомбанаш а етташ, дIашарйина а. Ткъа вукхарна, шайна тIехь латтийна жоьжахате а йицйина, хена бовла а, напгIа даккха а аьтто го эскарехь.

Теша лаьа, доллу дуьне а доьналлица цецдаьккхина хилчу нохчийн къомах эскархой бевлла ца Iаш, гоьбаьлла Iилманчаш а, кхинболу говзанчаш а бевр хиларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG