ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчоьнера компенсацига сатуьйсуш ю Кремл


Кремло ша Туркойчоьнера цо Шемин дозанехь стохка ша тIеман кемана чудожорна Оьрсийчоь къинтIера яккхаре а, компенсаци охьайилларе а хьоьжуш Iа хIинца а, аьлла дIахьедина. Москох журналисташна хьалха Путинан пресс-секретаро Песков Дмитрийс кхаарийдийнахь элира, Оьрсийчоьнна халахета Туркойчоьно юкъаметтигаш тоеш гIулчаш цаяхарна.

Песковн къамел дара туркойн президенто Эрдогана, ша кхеташ вац Хонкаро хIун гIулч яккхаре хьоьжу Москох аларца доьзна. «Пилот гIалатваларх» юкъаметтигаш талхо оьрсашна бахьана даьлла шена халахета, элира Эрдоган Реджепа деношкахь.

Туркойчоь реза ца хилла дахначу Iай некъах доьхна Оьрсийчоьнан тIеман кема чудожорна шаьш бехке ду ала. Кремло санкцеш яьхна Туркойчоьнна дуьхьал, цуьнца лелла йохк-эцарш а лагIдеш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG