Германерчу Баьццарчу партин лидер полицино кхерамзаллин тергоне эцна цунна цо Бундесверехь «Эрмалойн геноцидах» йолу резолюци кечъеш жигара дакъалацарна кхерам тесна хиларца доьзна.
Партин лидеран пресс-гIоьнчас Оздемира «оццул дукха тхуна тхо х1аллакдийр ду бохуш кхерамаш цкъа а ца тийсина», аьлла Ди Велт газете. Баьццара партино кеч а йина, депутаташа тIеэцначу резолюцино, бакъ а долуш, хилларг лору 100 шо хьалха туркойн Iосмалойн империно 1,5 миллион эрмалочунна тIехь геноцид латтор. Ткъа туркоша чIагIдо, даржочу терахьал дуккха а кIезиг хIаллак а хилла хIетахь эрмалой, уьш баларна бехке цара шаьш айбина гIаттам а, хилла, эрмалойл дукха цу муьрехь туркой а белла, бохуш.
«Эрмалойн байракх туркой охьатаIорхьама дIасалестайо цхьаццанхьа, тхо цкъа а реза хир дац оцу боламна», аьлла шоьтадийнахь Турокойчоьнан президенто Эрдогана. Иштта цо аьлла, «Дуьненан шолгIачу тIамехь ша йина рекорд дага а лоцуш, Германи тийнна Iан бен а яц».
22-гIа пачхьалкх ю туркоша эрмалошна тIехь геноцид латтор бакъ факт лоручаралахь.