Бусалбачу наха уггар беза лору Сийлахь Мархийн Бутт дIаболабели оршотан дийнахь, мангал-беттан 6-чу дийнахь. СаIудерчу бусалбачу Iеламнехан дIахьедарца, оршотан де - хьалхара марх лоцу де ду.
Бусалбачу нахана тIедиллинчу пхина парзанех цхьа парз ду Мархийн Баттахь марханаш кхабар. Кхечу хенах къаьсташ, алсам ламазаш дар а, алсам диканиг дар а, вончу хIуманех а, къинош дарх а чIогIах ларвалар а ду Мархийн Баттахь бусалбачу наха ойла алсам тIеяхийта езачарех.