ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Петарбухахь лоьцуш бу Кавказера гIаттамхой


Петарбухарчу Ленинан цIарахчу майданарчу нах бехачу цIийнехь ФСБ-но лерина операци дIахьочу муьрехь шиъ эккхийтар дина, бохуш хаамбо «Фонтанка» интернет-газетано. Кхаарийдийнан Iуьйранна 10 сахьт даьлча дуьйнна йолийна Къилбаседа Кавказерчу гIаттамхойн тобанашкахь лаьттинарш лаца операци.

Зорбанаша дийцарехь, ГIебарта-Балкхарачойн къайлахчу сервисийн тIедилларца дIахьо и леррина барамаш. Оьрсийчоьнан гвардин тIемалоша гонехь латтош ду нах чохь беха цIа. Лакхарчу гIатташтIехь бахархошна гина химех дегI лардечу духаршца нах.

Хезаш ду дуьйлу герзаш. Оцу цIачуьра бахархой кIелхьарабохуш бац цкъачунна я чу вуьтуш стаг а вац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG