Францерчу Вильнев-Лубэ гIалин кхело бусулба зударийн "буркини" цIе йолу хIордайистехь лело духар лелор доьхкуш бина сацам баьстина оцу пачхьалкхан Лаккхарчу кхело. Къовсаме дала мегачу гIуллакхан вердикто дIахьедо, меттигерчу Iедалан бакъо яц маьршачу нехан маршонаш хьеша, нагахь санна юкъараллан къепе йохош яцахь.
Францин бусулбачийн кхеташоно баккхийберца тIеэцна и хаам. Буркини лелочу бусулбачу зударшна гIуданаш детта долийна аьлла хаамийн гIирсашкахь аьрзнаш даьржинчул тIаьхьа меттигерчу бакъонашларъярхоша арз динера гIалин кхелана.
ХIордайистехь буркини лелор дихкина Францин 30 гIаланашкахь.