ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Human Rights Watch: "Нохчийчохь лоьцуш бу оппозиционераш"


Дуьненаюкъарчу адамийн бакъонийн терго ечу Human Rights Watch юкъаралло рапорт арахецна, харжамаш герга кхочучу муьрехь Нохчийчуьрчу Iедало оппозиционераш лоьцуш бу аьлла.

Мехкан куьйгалхочун декхарш ханна кхочушдечу Кадыров Рамзанна а, цуьнан гонна критика ярна таIзаршкахь латточу регионерчу бахархойх яздо бакъолархъярхоша «Оьрсийчоь: харжамел хьалхалера лецарш» аьллачу кехататIехь.

Кадыровн политика емалъечу бахархошна тIехь латтийначу Iазапийн 40 сов масалш далийна авторша шайн рапортехь. Шантажца, сийсазбахарца, ницкъала Iедалан да къинтIера ваккхийтарх далийна масалш а дац кIезиг. Нохчийчоьнан куьйгалхочун декхарш кхочушден хан чекхъяьлла Кадыров Рамзанан бIаьста.

Товбеца-баттахь ша гуьйренан харжамашкахь дакъалаца лерина хилар дIахаийтира Кадыровс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG