Ханна Узбекистанан президентан дарже хIоттийначу Мирзиёев Шавката ша кхелхинчу лидеран Керимовн некъ дIакхоьхьур бу аьлла пIераскана парламентан кхеташонехь.
«Узбекистанан лаьтта тIехь кхечу мехкашка тIеман базанаш ца хIиттаяйтар, цхьана а тIеман-политикан гонашка цаязъялар – иза вайн пачхьалкхан некъ бу», - аьлла цо. «Цхьаннан а шеко хила ца еза, вайн суверенитетна я чоьхьарчу а, я арахьарчу а ницкъийн тIе куьг дахьа ойла хилахь, вай ондда дуьхьало йийриг хиларх», - бохура Мирзиёевс.
Президентан харжамаш хиллалц, карара шо доьрзучу кхаччалц, хIоттийна иза Узбекистанан куьйгалле.