«Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанах дIакхета йоьдучуьра, лаьцна, юхаялийна оьрсийн студент Караулова Варвара ГIура- батте кхаччалц чохь латто сацам тIеэцна кхело. Москохарчу университетан философин факултетан дешархо Караулова яйнера дахначу шеран Стигалкъекъа-баттахь.
Масех де даьлча туркойн-шемахойн дозанехь сацийнера иза. Юьхьанца, тоьшаллаш дайтина, цуьнан цIийнах талламаш бинчул тIаьхьа бехктакхаме гIуллакх айдира Iедало йоIана дуьхьал.
Талламхойн версица, Караулова террорхойн тобанца зIенашкахь хилла. Чиллан- баттахь Караулова Варварин адвокаташа арз дина Европерчу кхеле, бух боцуш кхело чохь латтош ю йоI аьлла. КарабогIучу баттахь йоьIан гIуллакх кхи дIа листа Iалашо ю кхелан.