Кхидолу адам санна, ирс-аьтто лоху кепаш тайп-тайпана ю поэтийн а.
Цхьа дакъа заманан чолхалла, паччахьийн луьралла, ирхенийн шералла къаръеш, шен амалца ира дакъа къовсуш чекхволу, дIахIутту ханна бен яцахь а лаккхарчу тIегIантIе.
ШолгIаниг, итт, ткъа, ткъе итт шо даьлча бен дуьнено кхетор а доцчу эхьаца гонахарчу нахехь тоъал а йоцчу оьздангаллица, гIиллакхаллица, нохчаллица, адамашна юккъехь IиндагI а хуьлий пекъар декъахь веха.
Бакъду, хьалхарнаш шарахь бен ехаш йоцу бецан хелиг санна шен хан а токхий заманан а, адамийн иэсан а лорера бов.
ШолгIанаш, дукха хьолехь, ца хуьлу сийлахь, ша шен оьмар дIатекхийна а боьвлла, Эхарта дIабахча бен.
Амма иза нехан ойланца, дегнашца, тептаршца вехха веха.
Йохур яц вай цIераш я церан а, я вукхеран а.
Амма дозаллица дуьйцур ду оцу шолгIачу декъерчу, ломарчу кIоштахь Дишни Веданахь вехачу поэтах, журналистах, хьехархочух Хасаров ШаIранех лаьцна.
Юьхьанца карладоккхур ду ши шо хьалха тхайн поэтца хилла къамел.
Цул тIаьхьа дIаяхна ши шо хан зама. Цкъацкъа цхьа де а тоьа, стеган дахарехь баккхий хийцамш бан, ткъа муха веха-те поэт тахана, лахбеллий-те цуьнан дахарера сингаттамаш, кхииний-те зорбане яккха байтийн жарга а…
«Цхьа стаг хуьлу новкъа дIаоьхуш, сиха доцучу, дайчу боларца, ша гIелвелча, охьа а хууш, са а доIуш, гIатта а гIоттуш.
Кхиберш ма-хьаддалу боьлху, и стаг цкъацкъа юьстах а кхуьйсуш, дIаса а тоьттуш, нацкъар а вохуш.
Уьш генна дIа хьалха бовлу
Иза дахарехь а, поэзехь а цхьаъ ву, я дахарехь ма-варра ву-кх поэзехь а: дукха бIаьрлаваьлла, мохь а ца бетташ, «Со» ву, бохуш, ийа ца луш, цхьанаэшшара долчу боларца, некъах бехк хеташ санна, нацкъаруо вогIу некъахо, шел сихачарна некъ дIа а луш…»
Веданара схьваьаллчу тоьллачех поэтах Арсанукаев Шайхих нохчийн прозаико Бексултанов Мусас яздина и дешнаш ала догIу вайн турпалхочух, Хасаров ШаIранех а.
Кху деношкахь 63 шо кхаьчначу, жимчохь дуьйнна байташ язъеш, амма зорбане киншкаш яхар, Уциев Абус ма-аллара «IиндагIехь латтарна» я Бексултанов Мусан дешнашца аьлча «кхечара юьстах кхийсарна, дIаса теттарна, нацкъар вахарна» нис ца делллехь а.
Амма иза тешна ву, тIе ченаш ехкина, баьрзнашкахь Iохкучу шен байтийн цхьа де догIург хиларх.