ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемарчу конфликтах дуьненаюкъара кхоалгIа тIом хиларна кхоьру оьрсий


«Левада-центро» бинчу талламашца, Шема бахьанехь Оьрсийчоьнан Малхбузенца иръеллачу юкъаметтигаша кхолгIа дуьненаюкъара тIом баккха тарло аьлла, кхерамшкахь бу 48 процент оьрсий. Шемара тIеман конфликт ерзорехь Оьрсийчоьнан а, Малхбузен барт хир бу аьлла теша хаттамехь дакъалаьцна кхоалгIа дакъа. Шемахь долчу хьолана Оьрсийчоь юкъагIерта еза аьлла ах пачхьалкхан бахархоша.

28 процент респонденташна Оьрсийчоь Шемара араяла еза аьлла хета. Дахначу шеран гурахь дуьйнна Оьрсийчоьно тIеман операци йолийна Шемахь.Маьрша бахархой бехачу кIошташкахь Кремлан кеманаша бомбанаш еттарна бехкейора Москох.

Кремло шаьш тIеман тохарш «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобан тIемалошна дуьхьал до аьлла, чIагIдора. ТIаьххьарчу кIиранашкахь Шемин президентна Асад Башарна Оьрсийчоьно гIортор ярца Малхбузерчу пачхьалкхашца йолу юкъаметтигаш шелъелла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG