ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

1600 стаг йийсаре лаьцна Мосулехь


«Исламан пачхьалкх» шех олучу тобан гIаттамхоша Мосулехь 1600 маьрша нах закъалт лаьцна, царех шайна дуьхьало а йина, латтабо кемано бомбанаш еттачу хенахь. ПIераскандийнахь Цхьанатоьхначу къаьмнинй организацин (ООН-ан) хаамийн гIирсаша дIахаийтина цунах лаьцна. Оцу хьукматан хаамашца, кхаарийдийнахь Мосулна гергарчу Каджалехь 180 стаг вийна.

Адамийн бакъонашкахула Лаккхарчу Комиссаран урхаллин пресс-секретара Шамдасани Равина бахарехь, «ДаIишхоша бойуш бу шаьш йийсарехь латто нах».

Террорхоша нуьцкъаша шайн могIаршка 9-10 шерашкара бераш ийзош, Мосулехь царех тIемалой бо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG