ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Петирова ПетIимат. БIаьстенца зезагаш гIовттуш...


Петирова ПетIимат

***
БІаьстенца зезагаш гІовттуш,
Кхолур ю аре,
Со цаьрга маршалла хоттуш,
Ма хьежа яре…

Зезагаш техкар ду тийна,
Сан еларх тера,
Стигал а хир ю сов сийна,
Некъаш а шера…

Амма сан елар дIадайна,
Ахь кхолий иза,
Со йиси цхьалха, гIаддайна,
Къаьхки сох ирс а...

БІаьстенан тидамаш бохуш,
Леларх хьо веха,
Ца хезча ас хьайн цIе йохуш,
Лур вуй те Iеха?

БІаьстенца зезагаш гІовттуш,
Кхолур ю аре,
Со цаьрга маршалла хоттуш,
Ма хьежа яре…

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG