ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Карауловас кхеле шех къинхетамбар доьху


«Исламан пачхьалкх» тобанах дIакхета гIортарна бехкеечу Москохан пачхьалкхан университетан хиллачу дешархочо Караулова Варварас кхеле шеца доглазаме хилар дехна. Кхаарийдийнахь Москохарчу тIеман кхелан кхеташо йоьдуш йоIа дIахьедина, ша ДаIиш тобан декъашхочуьнца везачу кIантаца санна зIенехь яра, тIемалочуьнца санна яцара аьлла.

Карауловас бахарехь, иза кхетта, цIера ядар шен доккха гIалат хиллийла, цундела шен гергарчийн, бевзачийн бIаьргашчохь террорхо-шахIид санна йиса ца лаьа шена аьлла.

Хьалхо прокуроро набахтехь яккха 5 шо хан йийхира йоIана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG