ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь йагорг йуттучохь хиллачу эккхарна т1ехула бензин кхоьху машенлелархо лаьцна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ГIадужу-беттан 12-чу дийнахь Соьлжа-ГӀаларчу йагориг йуттучу станцехь экхийтар хилира, 4 стаг вуьйш, царна йукъахь ши бера а долуш. Талламхоша хиллачунна бехке во йагорг лелоран машенлелархо.

Республикехула йолчу Талламан комитетан урхалло хаам бина, оцу г1уллакхан хьокъехь шеконашца цхьа стаг лаьцна хиларх, цуьнан цӀе йаьккхина йац; Урхалло бинчу хаамца, машенлелорхочо кхерамазаллин барам лар ца барна бахьана долуш йаьлла цӀе. Шиъ, йа цул сов стаг валар- артиклца бехктакхаман гӀуллакх долийна.

LionTek олучу йагорг станцехь эккхийтар хилира, Ахматовн кӀоштарчу Мохьмад Ӏелан цӀарахчу проспектехь - "Грозный-Сити" комплексана а, масех дешаран учрежденина а, берийн клиникана а уллехь а. Видео дӀайаздаршка хьаьжча, цкъа хьалха цӀе йалла станцехь, цхьа хан йаьлча, йагорг латтош йолу бак иккхина, масех бӀе метр гена дӀа а кхуссуш.

Кадыров Рамзана дӀахьедира, г1уллакх шен тидамехь ду аьлла. "Шеко а йоцуш, низамо ма-бохху жоьпе озор бу инцидентана бехке берш", - йаздира Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен Telegram-каналехь.

  • Гезгамашин-беттан 27-чу дийнахь I3 стаг а вуьйш йагорг йуттучу Plus станцехь эккхийтар хилира, станцин долахо лаьцна Дагестанехь. Джанхуватов Марат бехкево кхерамзаллин барамаш лар а ца беш, хьелаш хIитторна, хаамбина Дагестанерчу Талламан комитетан урхалло.
  • Шо хьалха республикехь рогӀера бензинан станци а иккхира: хIетахь велира 37 стаг, бӀе сов вара чевнаш йинарг. "И тайпа бохамаш кхин хир бац", - дIахьедира хӀетахь регионан куьйгалхочо Меликов Сергейс. Йа цу тIехь Iуналла латточу органаша а, йа Ӏедалша а цхьа а жамӀ дина дац стохка хиллачу эккхийтарх, боху Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу эксперташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG