ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Берлинехь теракт динарг вевзаш хилла Iамеркана


Берлинехь теракт дарна бехкевен Тунисера схьаваьлла Амри Анис Iамеркан къайлахчу сервисашна вевзаш ву, исламхошца йолу зIенаш бахьанехь, аьлла хаамбо The New York Times газетано. Оцу хьостано дийцарца, интернетехь Амрис лехна бомба яран хьехам.

Иштта цо пайдаоьцуш хилла шифр-йозанех «Исламан пачхьалкх» шайх олучу тобанашца зIе латтон. Цул совнаха, кеманахь Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн дозанашна тIехбовлар дихкинчу нехан тептарехь хилла Амри.

Тунисхо ДаIишхошца уьйрашкахь хилар хууш хилла немцойн сервисашна а. ВорхI шо хьалха Тунисера схьаваьллачу Амрис 4 шо даьккхина Италерчу набахтехь. Шо хьалха Германе схьататтабеллачу мухIажиршца кхаьчна иза Германи. ТховкIело яларна дуьхьало йира цунна Iедало, амма цуьнан карахь официалан кехат цахиларна висинера иза оцу пачхьалкхехь.

Германин чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин хаамашца, Амри Анисан 8 харц паспорт хилла. Оршотдийнахь Керлачу шарна хIоттийначу базарахь гулделлачу адамашна юккъе кир лелон машен хаьхкина 12 стаг вийна цо, 48 чевнаш йина. «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобано шена тIелаьцна зулам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG