Тхан хьостанаша бечу хаамашца, Нохчийчохь Куьрчалойн кIоштахь дIавоьллина Музаев Геланиевич Алихан, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан хилла гIаролхо.
“Кавказ.Реалии” хаамца, Музаевх Iедалхой шекбевлла хиллера, цо шен юьртахошца – тIемалой бу бохучу нахца – Кадыровна режимана дуьхьал тIеман акцехь дакъалаца иза гIертах хиллачух. Дечкен-беттан 15-чу дийнахь низамхоша лецна хиллера иза, ткъа тIаьхьо цуьнан доьзале дакъ юхаделира.
Кадырован наха цуьнан гергарчаьрга дийцарехь, цо ша лоцучу хенахь цхьана полисхочуьнгара тапча схьа а яьккхина, и шена а тоьхна ша вийра, боху. Амма Музаевн доьзал ца теша, Кадыровн гIаролхо хиллачу цо ша-ша вийна бохучух.
Курчалойн вахархо къайлаха дIавоьллира дечкен-беттан 16-чу дийнахь. Твиттерехь даьржина вийначун ду боху сурт.