Шишан чура тIаьххьара кетчупан а, шуран а, тIон а тIадам арабаккха кеп карийна Iамеркерчу Iилманчашна. Цара юкъаяьккхина шишанан чоьхьара тIехуле вуно шарйеш йолу керла кочалла.
Цу кочаллах пайда эца мегар ду кхечу шашанан меттана лелочу пхьегIашна чура, масала, цергийн паста а, косметика а, ур-аттала клей а дерриг а арадоккхуш.
Массачусетсан технологийн институтан талламхошна хетарехь, цара кхоьллинчу кочалло гIо дийр ду ларамаза дIакхуьссу сурсаташ кхоо.