ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бачиева: "Со нохчо елахь а, реза яц и де хийца..."


Чиллан-беттан 23-чу динахь йоллу Оьрсийчоьно дазден эскархочун де аьхкене дехьадаккхар дийцаредо пачхьалкхан Думехь.

ХIора шарахь а къовсаме долучу Чиллан-беттан 23-чу дийнахь Iедалан тIегIанехь эскархойн де даздеш, могIарерчу наха къам махках даккхар карладоккхуш дIадехьира кху шарахь а.

Социалан зIенашкахь вовшах дага а бийлина, Нохчийчуьра бизнесхо, юкъаралхо Успанов Юни коьртехь а волуш, вовшахкхеттачу тобано сацамбира, Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире кехат дахьийта, 23-чу дийнахь йоллу пачхьалкхо а дазде турслочун де дехьататтар доьхуш.

Маршо Радионе дийцира Успанов Юнис, муха дагадеара шена къам махках даьккхинчу дийнах ловзар цадар Кремле деха.

Тезет долчахь, ловзар ма ца хIоттадо

Успанов: «Бакъдерг аьлча, муха ду аьлча... нийса ма дац иза, тезет долчахь, ловзар ма ца хIоттадо.

ХIинца вай цхьана пачхьалкхехь Iаш а хилча кхечу къаьмнашца, нийса ма дац и цхьана къомо тезет дIахьочу муьрехь, вукхара ловзар дIадахьар. Iедал Iедал ду, цо бохург а ца дича ца долу, Москохо бохург а ца дича ца долу, амма нехан дегнаш доьхна хуьлу.

Цундела, цхьа декъаделла хуьлу-кх къам. Цхьана кеппара нисдан дезаш ду и. Къаьмнашна юкъахь дерг уггар деза а, сийлахь а ма ду. Сайн накъосташца дага а ваьлла, бинера ас и сацам, Путине кхайкхам бан. Нийса хир дацара-те, эскархочун де муьлххачу а кхечу дийне дехьатеттича аьлла».

Фейсбук агIонтIехь Путине кехат-дехар дахьийта лаам хиларх Успанов Юнис, шен доттагIех-накъостех дагаволуш яздинчул тIаьхьа, хаамийн гIирсашкахь даьржира пачхьалкхан Думан депутато Сухарев Ивана Чиллан-беттан 23-чу дийнахь дазден эскархочун де аьхкенан Марсхьокхучу беттан 29-чу дийне дехьадакхар дийцадолийна аьлла.

Цо чIагIдарехь, Оьрсийчохь карчам хилале хьалха дуьйнна даздеш хилла оьрсийн эскархой дагалецаран де Марсхьокхучу – беттан 29-чу дийнахь.

Ткъа, Чиллан-беттан 23-гIа де оьрсийн къоман деза де лара йиш яц. ХIетахь Троцкий Лев гIашлойн а, хIордан а эскарийн комиссар волчу хенахь, цо шен лаамца юкъа далор бахьанехь, тIехь дисина ду боухш, яздо депутата Сухаревс.

Къам махках даккхар даим шайн иэсехь даха дисинчу нохчашна там хилла, пачхьалкхан Думехь, шайн дагахьдерг, шаьш къобалдийриг дийца долийна.

Амма депутатийн гонашкахь дукхахберш тIе ца тов Сухаревн инициативана. Къинхьегамехула а, политикехула а ветеранийн гIуллакхаш луьстучу Думан комитетан куьйгалхочун гIовс Тарасенко Михаил шеконашкахь ву, Сухаревн лаам кхочушхир бу ала.

Цунна хетарехь, оьшуш дац и де хийца, хIунда аьлча адамийн кхетамехь лацаделла 23-гIа де эскархойн де санна.

ЛДПР партин цIарах пачхьалкхан Думин депутата Нилов Ярослава карладоккху, хьалхо партино изза дехар дина хиларх. Шен коллега санна, иза а тешна ву, и де «исторехь нийсо ярхьама» хийца дезара аьлла.

Сухарев Иванна тIекхиа аьтто ца хилира Маршо Радион, амма тхоьца къамел дира Дагестанерчу ЛДПР партин декъашхочо Бачиева Ларисас.

Шайн коллегин дехар муха тIеийцира аш, цуьнан накъосташа, реза дуй шу цунна тIехIитта аьлла, долийра оха къамел.

Махках даьккхина, Сибрех хьажийначу къомах схьаяьлла Бачиева Лариса дуьхьал ю денош хийца.

Суна цатов и де дехьататтар

Бачиева: «Аьттехьа а нийса дац аьлла хета суна и денош хийцар, дIатеттар. Советан заманар дуьйнна схьа ма ду оцу дийнахь эскархой базбеш. Соьга сайгга хаьттича а, ЛДПР партин декъашхо санна аьлча а, нийса дац, со реза а яц.

ХIара 35 шо ду ас Чиллан-беттан 23-гIа де билгалдоккху. И терахь гергара а хета, деза а хета, уллера а хета. хаац! Суна цатов урамийн цIераш хуьйцуш, дезаденош хуьйцуш, дехьа-сехьа тоьттуш. Шайн истори лоруш, сийдеш болу нах беза хета суна. Суна хаза ца хета и де хийцар».

Хьуна хаьий, Чиллан-беттан 23-чу дийнахь хьан дай махках баьхнийла а, цигахь цара 13 шо хан яьккхинийла а, дуккхаъчу нохчашна и де лазаме дуйла а хьаттира оха ЛДПР партин декъашхочуьнга.

Сан да нохчо ву, КадыровгIеран тайпанах волуш

Бачиева: «ХIаъ, хаьа суна. Ас цул сов эр ду, сан да а ма хилла оцу махках баьхначаьрца.

Цундела ас сайн да, нохчо, КадыровгIеран тайпанара волу, цкъа а декъал ца во эскархойн денца. Сан да нохчо ву, нана оьрсий-украинхо ю. Сан дас даим олу "тхуна, нохчашна, тезетан де ду цу дийнахь" олий.

Сийдойуш санна хетахь а, муьлхха де а ахь схьаэцча, цуьца доьзна цхьа кхи ирча терахь хуьлу. Вукху агIор, со нохчо хиларе терра, ас а ала там бара, со реза ю и де аьхкене дIататта аьлла, амма и вайн истори ма ю, ас юха а боху, хIора доьзалехь, тайп-тукхумехь, хIора къоман а ма ду шайн-шайн къаьхьачу заманан терахьаш, самукъанечу деношца цхьанакхеташ.

ХIаъ, кхета со, репрессеш лайна къомо. Амма хIетте а боху ас, дитийша деза денош шаьш ма-хиллара, шайн-шайн меттигашкахь, дитийша хьалха ма хиллара урамаш а, хилийтахь уьш Ленинан цIарах, я Маршонан урам.

ХIинца ма ду Татурбиевн цIарах, Гамзатовн цIарах, Шамаевн цIарах, я мила ву а ца хуучу Шахсаидовн цIарах».

Цхьацца мехкашкахь ламаст ду, Iедалехь карчам хиллачул тIаьхьа, шайна коьрте ма деъа урамийн, гIалийн цIераш хуьйцуш, дезаденош юкъадохуш.

Цундела ЛДПР партин цIарах Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думерчу Сухарев Ивана эскархочун де аьхкене дIататтар дехар а, кхеташ ду, амма кхузахь жимма дегабаам бойтург ду, эскархочун де дIататтаран бахьана цхьана хьаькамо 1944-чу шеран Чиллан-баттахь 387 эзар 229 стагна депортаци ярца дузуш цахилар.

XS
SM
MD
LG