Кху шеран 4 баттахь Шема ваха дагахь араваьлла 50 гергга стаг сацийна Нохчийчохь, хаам бо REGNUM агенталло. Цо дийцарехь, берриг а и нах дагахь хилла Гергарчу Малхбалехь тIеман тобанех дIакхета.
Республикехула йолчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло чIагIдарехь, карарчу хенахь 500 гергга Нохчийчура вахархо ву цу регионехь тIом беш.
REGNUM-о далочу терахьашца, тIаьхьарчу шерашкахь Шемахь а, Иракъехь тIаме вахана 700 сов Нохчийчура вахархо.