ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хасимиков Салман: спорт яц бат-марш отучохь, ахча ду


Муьлха а таханлера спорт санна, гIаранца йирзина ГIалгIайчохь Оьрсийчоьнан охьатохаран чемпионат.

Айдина дуьйцу наха толам баьккхинчарна делла совгIаташ.

Дагестанерчу латархочунна-толамхочунна Сайдулаев Iабдулрашидна Евкуров Юнус-Бека ToyotaLand Cruiser 200 елла.

Иштта деза совгIаташ тIаьхьарчу хенахь деш хиларх цецвала дац. Амма хьалхо къийсадаларшкахь уггаре лекхачу йозаллехь дашо мидал яьккхинчу Хизриев Анзорна а ца бина и тайпа ларам, бохуш, цецбуьйлу гIалгIай.

Лела къамел марсадоккху кхин а цхьана хиламо: кху деношкахь Владимир-гIалахь дIахьочу турнирехь Оьрсийчоьнан чемпион ваьллачу гIалгIачунна Евлоев Мусана елларг а яц Toyota Сamry бен, иза нийса 2-3 йорах ю джипал.

И дерриг а хаддаза дуьйцу ду социалан машанашкахь.

Хууш ду Оьрсийчоь Олимпиадехь толам баьккхинчарна массарел дукха ахча луш пачхьалкх ю. Ахчано бусту спортхочун мах а, цуьнга болу ларам а.

ХIун ду ишта? Патриотизм гIелъелла, я ахчане бирзина спортхой?

И хаттар делира Маршо Радионо дуьненан чемпион лаьттинчу паргIатчу кепехь охьтохахархочуьнга Хасимиков Салмане.

Цунна ца тов таханлера спортехь тIех сов ахчанаш лелар.

Хасимиков: «Хьалха къобал деш дацара иза. Тхуна оцу хенахь коьртаниг яхь яра. Тхуна стимул цIахь эриг дара. Иза хIинца дIадолуш ду. Ахча коьрта ду тахана».

Спортхошца кхетош-кхиоран болх бан беза аьлла хета Хасимиков Салманна. Церан хьехархоша а, тренерша а спортхошна уьш кегий болуш дуьйна коьртачу дилла деза массо хIуманал хьалха ахча долийла доцийла.

Хасимиков: «Кегийнахаца бен болх жигара баьккххича, цхьа жамI хир ду. Тренерш, хьехархой, цара кхиораш вовшах а тоьхна, болх бан беза».

Охьатохарх латар Олимпиадашкара дIадоккхуш дара масех шо хьалха. Амма дитира Олимпан комитето.

Тахана дукха бу нохчийн къоначу спортхой "доза доцу латар" олучу спортехь. Бетах, мерах етта мега, садукъадеш лета мега. Дуккха а спортхой а санна, профессионал-спортхо Хасимиков Салман реза вац цунна.

Хасимиков: «Йолуш йолу спортан кепаш дIа а йохуш, батош йохочу, гIаш юккъе а вуллий, буй беттачу, цергаш йохочу кепашкахь лета хIинца. Иштта хазалла гайта йиш юй? Сий лардойла дуй? Суна хетарехь, ловзаран спорт, масала, баскетбол, гимнастика, некадар даржо деза. Ткъа оцу латарехь, къакъ-олий куьг, ког кагдо. Кхане йолуш хIума дац иза».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG