КарадогIучу шеран Дечкен-бутт кхаччалц дIаяхйина Евроберто Оьрсийчоьнна дуьхьалъяьхна экономикан санкцеш. Евросоюзан сайта тIехь зорбане яьккхина цунах лаьцна пресс-релиз.
Брюсселна хетарехь, Кремло кхачам боллуш ницкъаш тIе ца бохуьйту Украинера конфликт ерзо Iалашонца бина болу Минскан барт ларбарехь.
Хьалхо тоьхначу санкцийн зама чекхйолуш яра цхьана баттахь.
Евроберто санкцеш дуьхьалъяьхна Оьрсийчоьнна, цо 2014-чу шарахь ГIирмина аннекци ярна а, Украинан Малхбалера сепаратисташ бакъбарна а.
Иштта шаьш санкцеш кхайкхорах дIахаийтира Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа а, Канадас а, кхи а масех пачхьалкхо а.