Шинарийн буса деган лазарх кхелхина Усманов Iимран, нохчийн иллиалархо, поэт, композитор, Мехкан Исбаьхьа белхахо, Оьрсийчоьнан яздархойн юкъараллан декъашхо.
1953 шарахь шен къам депортацехь дехачу ГIиргIазойчохь вина вара Усманов. Нажа-Юьртахь ваьхна, цигахь марзвелла иллешка, уьш кхолла а, лекха а. 1981 шарахь Ростовхь чекхъяьккхина музыкан-педагогикан институт.
Цо шен 16 шо долуш дуьххьара кхоьллина йиш «Малика» ю ехаш нохчийн, гуьржийн, кхечу кавказхойн репертурашкахь тахана а. Цул тIаьхьа Iимрана кхоьллина а, лекхна а иттаннаш иллеш ду махкахь декаш.
Поэзин «Геналло хьегийна», «КIайн дуьне» гуларийн автор ву Усманов Iимран.
Маршо Радионо халахетарца тIеэцна хаам. Дала гечдойла Iимранна!