ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эстемирова Наташа йийра кху дийнахь 8 шо хьалха


Iуьйранна иссалгIачу сахьтехь балха яха араяьлла Эстемирова Наташа ницкъаша кIайн ВАЗ машенчу йоккхуш гина цуьнан лулахошна, ша ядош ю аьлла мохь тоха а кхиина иза, тоьшалла до бакъоларъяран дуьненаюкъарчу Human Rights Watch цхьаьнакхетараллин куьйгалхочо Локшина Татьянас.

Цуьнан белхан накъосташа дийцарехь, Эстемировас гулдина хилла Нохчийчохь масситта меттехь нах хьийзорах керла тоьшаллаш. Ставропол махка, полицин белхахошца цхьаьна байначу нехан база талла яха лерина хилла иза оцу дийнахь.

Цо шен талламаш даима а шеца лелочу ноутбук чу язбора, и ноутбук иза ядийначул тIаьхьа ца карош йисина, дуьйцу иза уллера евзинчара.

Бакъоларъярхо ядийна массех сахьт даьлча, Оьрсийчоьнан прокуратуран Талламан комитетан пресс-секретаро Маркин Владимира дIахьедира, ГIалгIайчохь, «Кавказ» трассица, хьуьнан асанца, коьртах а, некхах а герз диттина йийна зуда карийна, цуьнгахь хиллачу тоьрмигчохь иза Нохчийчуьрчу омбудсменан аппаратехь экспертийн кхеташонан декъашхо Эстемирова Наталья хиларх документ а дара, аьлла.

ХIетахь айдина бехктакхаман дов дерзанза дисина. Ца карийна Эстемирова йийнарш.

1958 шарахь йина Эстемирова. Соьлж-ГIалахь университет чекх яьккхинчул тIаьхьа истори хьехна школехь. 1998 шарахь йолаелла адамийн бакъонаш Iалашъярехь къахьега. 2000-чу шарахь яхна «Мемориал» центран Нохчийчуьрчу декъехь болхбан.

2004-чу шарахь Швецехь Эстемирована елира The Right Livelihood Award («Нийса дахар») преми. 2005-чу шарахь Европан халкъан партино цунна кхачийра Шуман Робертан мидал. Уьш доцурш а дара Наташин дуьненаюкъарчу хьукматаша делла совгIаташ.

Нохчийчохь нах бехказа набахтешка хьийсорца а, царна тIехь Iазап латторца а, кхел а йоцуш адамаш дайарца а къийсаелла Эстемирова Наташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG