"Дождь" телеканалан зерашца, иттанашкахь миллионашкахь (соьмаш) харж йина "Ахмат" тобан, Перман "Амкар" командаца дIаяьхьначу матчехь. Оьрсийчоьнан шоу-бизнесера нах а бара цига кхайкхина баьхкина. Клубан векалша а, шаьш артисташа а чIагIдарца, оцу бараме маьхза баьхкинера уьш, Кадыров шайн доттагI волу дела.
Иттанашкахь миллионашкахь ахча дIа ца хецча, иштта той хIотталур дац аьлла хета "Дождь" телеканална. Еккъа концерт вовшахтухуш а даьлла хир ду боху цара мел лахара а 9 миллион сом. Арститийн гонорараш хьехош а яц оцу юкъахь.
Шен цIе яккха ца хIоьттинчу эксперта дийцина "Дождь" телеканалан белхахошка, 4-5 миллион сом даьлла хила тарло артисташ Нохчийчу кхачон кеманах, аьлла. Ткъа концертан техникаца болу кечамна делла 5-10 миллион боху промоутера.
Ивент-агенталлан сайташтIехь артисташа хIиттийначу мехашца, Басков Николай концерте кхойкхург 80 эзар евро мах бу, ткъа Тимати 30 эзар евро. Валерис шен хIоттийна мах 35 эзар сом, Верник Игора концерташ дIахьо 18 эзар евро делча.