Иракъан пачхьалкхан эскаршна тIелатар дан кечамбен 20 зуда-жихIадхо лаьцна Мосулехь. Дойче Вэле (Deutsche Welle) немцойн хаамийн гIирсо бина и хаам. Лаьцначарлахь бу Оьрсийчоьнан а, Германин, Туркойчоьнан а, Канадан бахархой. Лаьтта бухарчу тунелчохь къайлабевлла Iаш хилла уьш, шайца герзаш а, Iожалхойн доьхканаш а долуш.
Германин зорбанийн информацица, исламхойх цхьаъ ю 16 шо долу Саксонера дешархо. Германехь доьза байначеран тептарехь яра иза.
Цул хьалха, стохка аьхка дуьйна полисхойн тергонехь яра и йоI, интернетехь "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобан агIончашца зIенехь хиларна. Иштта оцу пачхьалкхан прокуратурано бехктакхаман гIуллакх а дара цунна дуьхьал айдина.
Дешархо яйначул тIаьхьа сацийра гIуллакх листар.