Австрерчу набахтехь нохчийн кхиазхошца дIахьош ю Европехь масала доцу проект. Цу проектехь цхьацца къепедацарш а, зуламаш а лелорна чубоьхкинчу кхиазхошца болх бо Венерчу нохчийн диаспорин векалша а, набахтехь болх беш йолчу социалан белхахоша а. „Кавказхойн тоба“ цIе ю цу проектан.
Ши шо сов хан ю Лахара Австри олучу бундеслаьттарчу кхиазхойн набахтехь и болх дIахьош болу. Цу юкъана иттанашца кегийчу нахаца белхаш бина проекташ авторша.
Цхьаццаберш цу дIабаьллачу муьрехь набахтера маьрша а баьхна, цхьаццаберш керла тIе а баьхкина. Уьш дерриш а божабераш ду, и набахте боьршачу кхиазхошна лерина хиларна. Ткъа цаьрца болх берш Венера цхьа боьрша стаг, цхьа зудий ду, цу гIаларчу „Ичкерия“ а, „Австрерчу нохчийн нанойн маша“ а цIераш йолчу юкъараллин векалш болу. Набахтин куьйгаллица а, Австрин юстицин министраллица а цхьаьнаболх а беш кхоьллина ю и проект.
"Воркшопехь" нохчо веш дерш хIун ду дийцаре до
Муха хIун болх бо шаьш нийсачу новкъахь галморзах бевллачу Австрерчу нохчийн кегирхошца бохург Маршо радионе дуьйцу „Кавказхойн тоба“ проектехь дакъалоцуш йолчу набахтин социалан белхахочо Петерлин Александрас.
Петерлин: "Воркшопехь" къоначу божаберашца йийцаре еш ерш тайп-тайпана теманаш ю. Масала, церан шайн жоьпалла йийцаре йо. Сох нохчо веш дерш хIун ду дийцаре до. Пунктуале хилар. Бусалба динан а, бусалба хиларан а баххаш, дин. Бакъволу нохчо муха ву?
Авторитеташ я Iедалан белхахой къобал бар ца бар, иза вуно лазаме хаттар ду цу кегирхойн. Интенсиве иза а дийцаре до оха. Нохчийн култура а. Цул совнаха, цу къоначу божаберашна вуно мехала ду, нохчийн доьзалехь а, юкъараллехь боьрша стеган рол муха ю бохург.
Иштта доьзалшца дерг а дийцаре до, ницкъ бар, гIийлачаьрца муха хила веза. Иштта мехал ду, цаьрца оха къайленаш а ца еш, ма-дарра цаьргара дийлинчу талорех а, зуламех а къамел дар, цаьрга шайга цунах лаьцна дуьйцийташ. Иштта дийцаре до набахтехь а кхечаьрца ларам хила безаш хилар, масала, хехошца“.
Нохчийн берашца набахтехь дIахьош болу болх болабелча дуьйна схьа цу проектехь дакъалоцуш вара 4 шо герга хан тоьхна чувоьллина хилла волу хIинца 19 шо долу Адам. Да воцуш кхуьуш волу Адам 15 шо долуш шел дикка баккхийра болчу нохчийн накъосташа масийтаза къоланаш дан а, нахера телефонаш а, ахчанаш а схьадаха а вигнера иза.
Со тIедогIучу кIирнах араволу, дуккха а хан яра суна кху чохь Iама а, ойла ян а
Бер долуш набахте кхаьчна волу Адам цу чохь кхиина жимстаг хилла. Масех де даьлча хенал хьалха дIахоьцуш ву иза, ша дикчу агIор гайтарна. Маршо радиоца интервьюхь цо дийцира, дукха ойланаш йина ша набахтехь ша лелийначун а, шен дахаран а, арахь шегара гIо-накъосталла а доцуш бехачу шен ненан а, йиша-вешин а бохуш.
Адам: „Со тIедогIучу кIирнах араволуш ву. Дуккхаъ хан яра сан кху чохь Iама а, ойла ян а. Кхечаьрца къамел дан а. Эрна летарш ца оьший кхетта со, масала, футболах ловзучу хенахь цхьаъ хьайга хьаьжча, хьо соьга хIунда хьоьжу аьлла цунах латар, уьш лелон ца оьшу.
Сайн доьзалх а дукха ойла йина ас, сан да ма ваций кхузахь, тIаккха со кху чохь воллуш волшехь уьш арахь бехаш бу, ас царна деш цхьа а гIо дац. Ваьлла со и хIума лелийна. Ас хIун эр дарий арахь болчу сайн хенарчаьрга. Со а вара хьалха оцу паркашкахь лелаш.
Тхоьл баккхийха болу цхьацца нах тхуна тIе а богIий, аш хIара дан деза, шайга къамел ма дайталаш, иштта делаш, вуьшта делаш бохуш. Уьш шаьш а бара набахтехь хилла арабевлла. Цаьрга ладогIа мегар дац. Шайн доьзaле ладогIа деза, дас-нанас, вашас оолуш дерг схьаэца деза“.
Петерлин Александра Герасдорферчу кхиазхойн набахтехь болх беш йолу дуккхаъ шераш ду. „Кавказхойн тоба“ санна проект шен белхан зеделлачохь хиллар яц шен боху цо, ткъа набахтерчу кхиазхошна цунах болуш болу пайда вуно боккха го шена.
Нохчийн тренерша гIо ца дича, суна цунах лаьцна берашна дийца хуур а дацара
Петерлин: „Суна иза вуно пайдехьа проект йолуш санна хета. Уггаре а цу проектехь дикох дерг хIун ду аьлча, иза дIахьош берш цу берийн къомах болу нохчийн нах хилар ду. И бахьана долуш цара ийза а ца луш, эвхьаза дуьйцу шайна хетарг, царех теша а тешаш, шаьш дийцинарг цара даржор доцийла а хууш.
Иза чIогIа мехала момент ю. ХIара проект оха йолийча дуьйна схьа суна цу нохчийн берашца болх бан а, царех кхета а дуккхаъ аттох ду. Цаьрца къамел дан а атта ду. Цу берийн шайна шайн орамаш а, култура а ца евзаш хилар а гуш хуьлу цу проектехь, цу тIехь а болх бо оха. Ткъа нохчийн тренерша гIо ца дича, суна сайна цунах лаьцна цу берашна дийца хуур дацара.
Цундела вуно мехала ду тхуна и болх тхайца бан нохчийн диаспорера векалш хилар. Суна и воркшопш бахьана долуш вуно дукха хIума а хиина, цу берашца юкъаметтигаш вуно то а елла сан“.
Нохчийн кегирхошца набахтехь „Ичкерия“ а, „Австрерчу нохчийн нанойн маша“ а цIе йолчу цхьаьнакхетараллийн векалша беш болу болх бийцаре бо кест-кеста Австерчу хаамийн гIирсаша а, иза Европехь а масала доцуш хиларна а, галмморзахбевллачу кегийрхошна иза вуно пайдехь хиларна а. ХIинцале а кхечу цу махкарчу набахтеша шаьш-шаьш долчохь ян лерина я ян йолийна, проектан авторшца цхьаьна а кхетта.