Нохчийчуьрчу ницкъаллин структурийн белхахоша республикехь лар йоцуш байначу нехан метта Оьрсийчуьрчу омбудсменана гайтина хилла церан вежарий. Цунах лаьцна дIахьедар дина «Мемориал» бакъонашларъярхойн центро.
Маршо Радионо дийцина ма хиллара, шен Соьлжа-ГIалахь Нохчийчуьрчу низамхошца хиллачу кхеташонан жамIах йоккхаеш, «ерриг а санна, сайна низамхошкара а, талламчашкара а оьшу информаци хили суна», аьллера президентан цIарах Оьрсийчохь адамийн бакъонийн тергоечу Москалькова Татьянас РИА «Новости» агенталле.
Цо ша хIинццалц саготта яра бохура «Новая Газето» Нохчийчуьрчу низамхоша вийна аьлла массех бутт хьалха цIерш яьхначу 27 стагах талламчаша кхаччош бакъдерг ца олуш. Ткъа хIинца тешна ша, бохуш яра иза, «байна бохуш буьйцучех цхьаберш дийна хиларх а, уьш лебеш хиларх а».
Вуьйцучу 27-ннах дийна волчу шинца пачхьалкхан коьртачу бакъоларъярхочунна ган йиш юйла а хаийтинера Нохчийчуьрчу низамхоша. И аьтто шена луш хилча, Москальковас дехнера полисхошка шаьш «бохург мел бакъ ду гайтар».
Массех бутт хьалха Нохчийчохь елхайо харцонаш талла гIоьртира президентан адамийн бакъонашкахула хьехамча волу Федотов Михаил а. Амма бирзира цуьнан таллам Кадыров Рамзан а, махкара бакъоларъярхой а хасторца. (Хьажа Кадыровн Instagram).
Москалькова Татьянас я Федотов Михаила бечу хаамашна официалехь дуьхьалхIуттур вац тахана Нохчийчуьра цхьа а вахархо.